Мусхаф., агӏо 426
-
لَا جُنَاحَ عَلَيْهِنَّ فِي آبَائِهِنَّ وَلَا أَبْنَائِهِنَّ وَلَا إِخْوَانِهِنَّ وَلَا أَبْنَاءِ إِخْوَانِهِنَّ وَلَا أَبْنَاءِ أَخَوَاتِهِنَّ وَلَا نِسَائِهِنَّ وَلَا مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُنَّ ۗ وَاتَّقِينَ اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدًا
Къа дац царна (зударшна‚ кхоччуш хьул ца белча) шайн дай‚ шайн кIенташна‚ шайн вежаршна‚ шайн вежарийн кIенташна‚ шайн йижарийн кIенташна‚ шайн /хьалхахь болчу/ зударшна‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна хьалхахь. Делах кхералаш /шу зударий хийрачу божаршна гучудовларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо а хIуманна тIехь теш
33:55 -
إِنَّ اللَّهَ وَمَلَائِكَتَهُ يُصَلُّونَ عَلَى النَّبِيِّ ۚ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا صَلُّوا عَلَيْهِ وَسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салот дуьллу пайхамарна. ХIай ийман диллинарш! Аша а дилла цунна салот‚ салам ло маршаллица
33:56 -
إِنَّ الَّذِينَ يُؤْذُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ لَعَنَهُمُ اللَّهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَأَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا مُهِينًا
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьйтуш берш Дала неIалт аьлла царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсаза Iазап
33:57 -
وَالَّذِينَ يُؤْذُونَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ بِغَيْرِ مَا اكْتَسَبُوا فَقَدِ احْتَمَلُوا بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُبِينًا
Муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а, цаьргара даьлла хмма а доццушехь, халахоьтуьйтуш берш - цара дехьна доккха эладита а‚ билгала къа а
33:58 -
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُلْ لِأَزْوَاجِكَ وَبَنَاتِكَ وَنِسَاءِ الْمُؤْمِنِينَ يُدْنِينَ عَلَيْهِنَّ مِنْ جَلَابِيبِهِنَّ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَنْ يُعْرَفْنَ فَلَا يُؤْذَيْنَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
ХIай пайхамар! Āла хьан зударшка а‚ хьан мехкаршка а‚ муъмин нехан зударшка а шайна тIе шайн оба (паранжа‚ парду) узийла цара. Иза мелхо а герга ду уьш бовзарна а‚ царна халахетар цадарна а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
33:59 -
لَئِنْ لَمْ يَنْتَهِ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ وَالْمُرْجِفُونَ فِي الْمَدِينَةِ لَنُغْرِيَنَّكَ بِهِمْ ثُمَّ لَا يُجَاوِرُونَكَ فِيهَا إِلَّا قَلِيلًا
Мунепакъаш а‚ шайн дегнашкахь цамгар ерш а‚ Мадинатехь эладитанаш даржош берш а ца совцахь, Оха хIоттор ма ву хьо царна тIе. ТIаккха хьан лулахь уьш цигахь Iийр ма бац кIеззиг бен
33:60 -
مَلْعُونِينَ ۖ أَيْنَمَا ثُقِفُوا أُخِذُوا وَقُتِّلُوا تَقْتِيلًا
Шайна неIалт хилларш /бу уьш/. Миччахь хилахь схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу байарца
33:61 -
سُنَّةَ اللَّهِ فِي الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا
Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор ма бац Делан суннатана хийцам
33:62
Гочдар: Магомед Магомедов