Сурат 34 Сабаъ, аят 10 – 13
-
وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ مِنَّا فَضْلًا ۖ يَا جِبَالُ أَوِّبِي مَعَهُ وَالطَّيْرَ ۖ وَأَلَنَّا لَهُ الْحَدِيدَ
Оха деллера Давудана Тхайгара ниӀмат‚ /элира/: 'ХӀай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца цхьана‚ /аша а/ олхазарш'. Оха кӀаддийра цунна эчиг:
34:10 -
أَنِ اعْمَلْ سَابِغَاتٍ وَقَدِّرْ فِي السَّرْدِ ۖ وَاعْمَلُوا صَالِحًا ۖ إِنِّي بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
'ГӀаьгӀнаш е‚ тӀе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аш дийриг гуш ву'
34:11 -
وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌ ۖ وَأَسَلْنَا لَهُ عَيْنَ الْقِطْرِ ۖ وَمِنَ الْجِنِّ مَنْ يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَمَنْ يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ السَّعِيرِ
Сулейманна а /муьтӀахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Ӏуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха лалийра цунна цӀеста (ез), /хин/ хьоста санна дӀаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царах Тхан омрах дӀатилначарна Ӏавшор ду Оха жоьжахатин Ӏазапах
34:12 -
يَعْمَلُونَ لَهُ مَا يَشَاءُ مِنْ مَحَارِيبَ وَتَمَاثِيلَ وَجِفَانٍ كَالْجَوَابِ وَقُدُورٍ رَاسِيَاتٍ ۚ اعْمَلُوا آلَ دَاوُودَ شُكْرًا ۚ وَقَلِيلٌ مِنْ عِبَادِيَ الشَّكُورُ
Цара еш цунна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш, Ӏаьмнаш санна‚ чӀогӀа чӀагӀбина яйнаш а. Баркалла аларца Ӏамал елаш /Тхуна/‚ хӀай Давудан доьзал. КӀеззиг бу Сан лешех баркалла олуш берш
34:13
Гочдар: Магомед Магомедов