Сурат 34 Сабаъ, аят 12
-
وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌ ۖ وَأَسَلْنَا لَهُ عَيْنَ الْقِطْرِ ۖ وَمِنَ الْجِنِّ مَنْ يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَمَنْ يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ السَّعِيرِ
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха лалийра цунна цIеста (ез), /хин/ хьоста санна дIаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царах Тхан омрах дIатилначарна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах
34:12
Гочдар: Магомед Магомедов