Сурат 34 Сабаъ, аят 10 – 21
-
وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ مِنَّا فَضْلًا ۖ يَا جِبَالُ أَوِّبِي مَعَهُ وَالطَّيْرَ ۖ وَأَلَنَّا لَهُ الْحَدِيدَ
Оха деллера Давудана Тхайгара ниӀмат‚ /элира/: 'ХӀай лаьмнаш! Тасбахь де цуьнца цхьана‚ /аша а/ олхазарш'. Оха кӀаддийра цунна эчиг:
34:10 -
أَنِ اعْمَلْ سَابِغَاتٍ وَقَدِّرْ فِي السَّرْدِ ۖ وَاعْمَلُوا صَالِحًا ۖ إِنِّي بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
'ГӀаьгӀнаш е‚ тӀе юста /уьш/. Диканиг делаша. Баккъалла а, Со аш дийриг гуш ву'
34:11 -
وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌ ۖ وَأَسَلْنَا لَهُ عَيْنَ الْقِطْرِ ۖ وَمِنَ الْجِنِّ مَنْ يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَمَنْ يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ السَّعِيرِ
Сулейманна а /муьтӀахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Ӏуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха лалийра цунна цӀеста (ез), /хин/ хьоста санна дӀаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царах Тхан омрах дӀатилначарна Ӏавшор ду Оха жоьжахатин Ӏазапах
34:12 -
يَعْمَلُونَ لَهُ مَا يَشَاءُ مِنْ مَحَارِيبَ وَتَمَاثِيلَ وَجِفَانٍ كَالْجَوَابِ وَقُدُورٍ رَاسِيَاتٍ ۚ اعْمَلُوا آلَ دَاوُودَ شُكْرًا ۚ وَقَلِيلٌ مِنْ عِبَادِيَ الشَّكُورُ
Цара еш цунна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш, Ӏаьмнаш санна‚ чӀогӀа чӀагӀбина яйнаш а. Баркалла аларца Ӏамал елаш /Тхуна/‚ хӀай Давудан доьзал. КӀеззиг бу Сан лешех баркалла олуш берш
34:13 -
فَلَمَّا قَضَيْنَا عَلَيْهِ الْمَوْتَ مَا دَلَّهُمْ عَلَىٰ مَوْتِهِ إِلَّا دَابَّةُ الْأَرْضِ تَأْكُلُ مِنْسَأَتَهُ ۖ فَلَمَّا خَرَّ تَبَيَّنَتِ الْجِنُّ أَنْ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ الْغَيْبَ مَا لَبِثُوا فِي الْعَذَابِ الْمُهِينِ
Оха цунна (Сулейманна) Ӏожалла тӀехӀоттича, и валарна тӀе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Ӏаса юуш. Иза /велла/ охьавоьжча, билгалделира жинашна: шайна къайле хууш хиллехьара, лаьттар цахилар шаьш сийсазчу Ӏазапехь
34:14 -
لَقَدْ كَانَ لِسَبَإٍ فِي مَسْكَنِهِمْ آيَةٌ ۖ جَنَّتَانِ عَنْ يَمِينٍ وَشِمَالٍ ۖ كُلُوا مِنْ رِزْقِ رَبِّكُمْ وَاشْكُرُوا لَهُ ۚ بَلْدَةٌ طَيِّبَةٌ وَرَبٌّ غَفُورٌ
Хилира сабаашна шайн гӀишлошкахь делил: ши беш: аьтту агӀорхьара а‚ аьрру агӀорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицкъех‚ баркалла āла Цунна (шукур де Дала)! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-кхобург /хилира царна/
34:15 -
فَأَعْرَضُوا فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ سَيْلَ الْعَرِمِ وَبَدَّلْنَاهُمْ بِجَنَّتَيْهِمْ جَنَّتَيْنِ ذَوَاتَيْ أُكُلٍ خَمْطٍ وَأَثْلٍ وَشَيْءٍ مِنْ سِدْرٍ قَلِيلٍ
Дбевлира уьш /Далла баркалла аларх/‚ Оха доссийра царна тӀе дуккха Ӏовраш‚ церан шинна бешан метта хилийтира ши беш, къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих а‚ /цхьацца/ хӀума кӀеззиг сидрех а йолуш
34:16 -
ذَٰلِكَ جَزَيْنَاهُمْ بِمَا كَفَرُوا ۖ وَهَلْ نُجَازِي إِلَّا الْكَفُورَ
Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой цатешачарна а бен?
34:17 -
وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ الْقُرَى الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا قُرًى ظَاهِرَةً وَقَدَّرْنَا فِيهَا السَّيْرَ ۖ سِيرُوا فِيهَا لَيَالِيَ وَأَيَّامًا آمِنِينَ
Царна (Сабаан) юккъехь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу (Шаман) яртийн юккъехь а Оха йира гуш йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: 'Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а, кхерам боцуш!'
34:18 -
فَقَالُوا رَبَّنَا بَاعِدْ بَيْنَ أَسْفَارِنَا وَظَلَمُوا أَنْفُسَهُمْ فَجَعَلْنَاهُمْ أَحَادِيثَ وَمَزَّقْنَاهُمْ كُلَّ مُمَزَّقٍ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ
Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ гена хилийталахь тхан кхерсташ лелар'. Цара зулам дира шайна‚ Оха хилийтира царах /нахана/ дийцарш‚ массанхьа а дӀасабаржира уьш. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо а собаре волчунна а‚ хам бечунна а
34:19 -
وَلَقَدْ صَدَّقَ عَلَيْهِمْ إِبْلِيسُ ظَنَّهُ فَاتَّبَعُوهُ إِلَّا فَرِيقًا مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Иблисо бакъдайтира цаьрга шен моттар‚ уьш цунна тӀаьхьахӀоьттира муъмин нахах цхьа тоба йоцург
34:20 -
وَمَا كَانَ لَهُ عَلَيْهِمْ مِنْ سُلْطَانٍ إِلَّا لِنَعْلَمَ مَنْ يُؤْمِنُ بِالْآخِرَةِ مِمَّنْ هُوَ مِنْهَا فِي شَكٍّ ۗ وَرَبُّكَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَفِيظٌ
Ма яцара цунна царна тӀехь цхьа а бакъо‚ деккъа Тхуна хаархьама‚ мила ву эхартах тешаш цунах шеконехь хиллачех. Хьан Кхиош-кхобург массо а хӀуманна лардархо ву
34:21
Гочдар: Магомед Магомедов