Сурат 34 Сабаъ, аят 12 – 18
-
وَلِسُلَيْمَانَ الرِّيحَ غُدُوُّهَا شَهْرٌ وَرَوَاحُهَا شَهْرٌ ۖ وَأَسَلْنَا لَهُ عَيْنَ الْقِطْرِ ۖ وَمِنَ الْجِنِّ مَنْ يَعْمَلُ بَيْنَ يَدَيْهِ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَمَنْ يَزِغْ مِنْهُمْ عَنْ أَمْرِنَا نُذِقْهُ مِنْ عَذَابِ السَّعِيرِ
Сулейманна а /муьтIахь бира Оха/ мох‚ цуьнан Iуьйренан некъ бутт болуш‚ цуьнан суьйренан некъ а бутт болуш. Оха лалийра цунна цIеста (ез), /хин/ хьоста санна дIаоьхуш. Жинех ду шаьш цунна хьалхахь болх беш дерш цуьнан Кхиош-кхобучун пурбанца. Царах Тхан омрах дIатилначарна Iавшор ду Оха жоьжахатин Iазапах
34:12 -
يَعْمَلُونَ لَهُ مَا يَشَاءُ مِنْ مَحَارِيبَ وَتَمَاثِيلَ وَجِفَانٍ كَالْجَوَابِ وَقُدُورٍ رَاسِيَاتٍ ۚ اعْمَلُوا آلَ دَاوُودَ شُكْرًا ۚ وَقَلِيلٌ مِنْ عِبَادِيَ الشَّكُورُ
Цара еш цунна‚ шена луу‚ михьрабаш‚ сурташ а‚ кедаш, Iаьмнаш санна‚ чIогIа чIагIбина яйнаш а. Баркалла аларца Iамал елаш /Тхуна/‚ хIай Давудан доьзал. КIеззиг бу Сан лешех баркалла олуш берш
34:13 -
فَلَمَّا قَضَيْنَا عَلَيْهِ الْمَوْتَ مَا دَلَّهُمْ عَلَىٰ مَوْتِهِ إِلَّا دَابَّةُ الْأَرْضِ تَأْكُلُ مِنْسَأَتَهُ ۖ فَلَمَّا خَرَّ تَبَيَّنَتِ الْجِنُّ أَنْ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ الْغَيْبَ مَا لَبِثُوا فِي الْعَذَابِ الْمُهِينِ
Оха цунна (Сулейманна) Iожалла тIехIоттича, и валарна тIе уьш нис ца бира цхьана лаьттан дийнато бен‚ ша цуьнан Iаса юуш. Иза /велла/ охьавоьжча, билгалделира жинашна: шайна къайле хууш хиллехьара, лаьттар цахилар шаьш сийсазчу Iазапехь
34:14 -
لَقَدْ كَانَ لِسَبَإٍ فِي مَسْكَنِهِمْ آيَةٌ ۖ جَنَّتَانِ عَنْ يَمِينٍ وَشِمَالٍ ۖ كُلُوا مِنْ رِزْقِ رَبِّكُمْ وَاشْكُرُوا لَهُ ۚ بَلْدَةٌ طَيِّبَةٌ وَرَبٌّ غَفُورٌ
Хилира сабаашна шайн гIишлошкахь делил: ши беш: аьтту агIорхьара а‚ аьрру агIорхьара а. Даа шайн Кхиош-кхобучун рицкъех‚ баркалла āла Цунна (шукур де Дала)! Токхе мохк а‚ гечдеш волу Кхиош-кхобург /хилира царна/
34:15 -
فَأَعْرَضُوا فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ سَيْلَ الْعَرِمِ وَبَدَّلْنَاهُمْ بِجَنَّتَيْهِمْ جَنَّتَيْنِ ذَوَاتَيْ أُكُلٍ خَمْطٍ وَأَثْلٍ وَشَيْءٍ مِنْ سِدْرٍ قَلِيلٍ
Дбевлира уьш /Далла баркалла аларх/‚ Оха доссийра царна тIе дуккха Iовраш‚ церан шинна бешан метта хилийтира ши беш, къаьхьа стоьмаш болуш‚ аслих а‚ /цхьацца/ хIума кIеззиг сидрех а йолуш
34:16 -
ذَٰلِكَ جَزَيْنَاهُمْ بِمَا كَفَرُوا ۖ وَهَلْ نُجَازِي إِلَّا الْكَفُورَ
Иза бекхам бира Оха царна уьш ца тешаш хиларна. Оха /иштта/ бекхам бой цатешачарна а бен?
34:17 -
وَجَعَلْنَا بَيْنَهُمْ وَبَيْنَ الْقُرَى الَّتِي بَارَكْنَا فِيهَا قُرًى ظَاهِرَةً وَقَدَّرْنَا فِيهَا السَّيْرَ ۖ سِيرُوا فِيهَا لَيَالِيَ وَأَيَّامًا آمِنِينَ
Царна (Сабаан) юккъехь а‚ Оха шайна чохь декъалйина хиллачу (Шаман) яртийн юккъехь а Оха йира гуш йолу ярташ‚ царна чохь къастийра некъ: 'Лела царна чухула буьйсанашкахь а‚ деношкахь а, кхерам боцуш!'
34:18
Гочдар: Магомед Магомедов