Сурат 35 ФатIир (Кхоллархо)

  1. الْحَمْدُ لِلَّهِ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ جَاعِلِ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا أُولِي أَجْنِحَةٍ مَثْنَىٰ وَثُلَاثَ وَرُبَاعَ ۚ يَزِيدُ فِي الْخَلْقِ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Хастам бу Далла стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца Кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо совдоккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ берг ма ву

    35:1
  2. مَا يَفْتَحِ اللَّهُ لِلنَّاسِ مِنْ رَحْمَةٍ فَلَا مُمْسِكَ لَهَا ۖ وَمَا يُمْسِكْ فَلَا مُرْسِلَ لَهُ مِنْ بَعْدِهِ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна вац цунна дIакъовлархо. Цо дIакъевлинчунна вац цунна дIахуьйцург Цул тIаьхьа. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    35:2
  3. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ هَلْ مِنْ خَالِقٍ غَيْرُ اللَّهِ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицкъ лур дарий-те шуна стиглара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадеш ду-кх шу!

    35:3
  4. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Хьо цара харцвахь /хй Мухьаммад/. хьол хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш

    35:4
  5. يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۖ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۖ وَلَا يَغُرَّنَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ

    ХIай нах! Баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Iеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Iеха ма дойла Делаца Iехочо (шайтIано)

    35:5
  6. إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمْ عَدُوٌّ فَاتَّخِذُوهُ عَدُوًّا ۚ إِنَّمَا يَدْعُو حِزْبَهُ لِيَكُونُوا مِنْ أَصْحَابِ السَّعِيرِ

    Баккъалла а, шайтIа шуна мостагI ду‚ мостагI дей схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе

    35:6
  7. الَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۖ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ

    Цатешнарш царна чIогIа Iазап /хир/ ду. Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю!

    35:7
  8. أَفَمَنْ زُيِّنَ لَهُ سُوءُ عَمَلِهِ فَرَآهُ حَسَنًا ۖ فَإِنَّ اللَّهَ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۖ فَلَا تَذْهَبْ نَفْسُكَ عَلَيْهِمْ حَسَرَاتٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا يَصْنَعُونَ

    Ткъа ву-те шен Iамалах вониг шена хазйинарг‚ тIаккъа иза шена хаза гинарг /дика Iамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тилавала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тIехь, гIайгIа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг

    35:8
  9. وَاللَّهُ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ فَتُثِيرُ سَحَابًا فَسُقْنَاهُ إِلَىٰ بَلَدٍ مَيِّتٍ فَأَحْيَيْنَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ كَذَٰلِكَ النُّشُورُ

    Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш‚ Оха уьш дIалехкира беллачу махка цуьнца (догIица) латта дендийра иза деллачул тIаьхьа. Иштта ду /шу/ юхадендар а

    35:9
  10. مَنْ كَانَ يُرِيدُ الْعِزَّةَ فَلِلَّهِ الْعِزَّةُ جَمِيعًا ۚ إِلَيْهِ يَصْعَدُ الْكَلِمُ الطَّيِّبُ وَالْعَمَلُ الصَّالِحُ يَرْفَعُهُ ۚ وَالَّذِينَ يَمْكُرُونَ السَّيِّئَاتِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۖ وَمَكْرُ أُولَٰئِكَ هُوَ يَبُورُ

    Мила а хиллехь сий дезаш, Делан ду сий дерриге а. Цунна тIе хьалаайло цIена дош а‚ дика Iамал а‚ Цо аййо иза. Вонашца мекарло еш берш, царна чIогIа Iазап ду. Церан мекарло иза эрна ю

    35:10
  11. وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ جَعَلَكُمْ أَزْوَاجًا ۚ وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنْثَىٰ وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِ ۚ وَمَا يُعَمَّرُ مِنْ مُعَمَّرٍ وَلَا يُنْقَصُ مِنْ عُمُرِهِ إِلَّا فِي كِتَابٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    Дела ву Ша шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха тIадамах. ТIаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарах оьшур а ма дац жайна чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду

    35:11
  12. وَمَا يَسْتَوِي الْبَحْرَانِ هَٰذَا عَذْبٌ فُرَاتٌ سَائِغٌ شَرَابُهُ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌ ۖ وَمِنْ كُلٍّ تَأْكُلُونَ لَحْمًا طَرِيًّا وَتَسْتَخْرِجُونَ حِلْيَةً تَلْبَسُونَهَا ۖ وَتَرَى الْفُلْكَ فِيهِ مَوَاخِرَ لِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Цхьанийсса бац /хIара/ ши хIорд: хIара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа дуьра туха ду. ХIораммах аш дуу керла жижиг‚ аш /царна чуьра/ схьайоху мехала маржанаш‚ аш уьш тIеюху. Хьуна го кема царна чухула кхерсташ аш лахархьама Цуьнан ниIматах‚ аш /Дала деллачу ниIматашна / шукур дархьама а

    35:12
  13. يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ يَجْرِي لِأَجَلٍ مُسَمًّى ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ الْمُلْكُ ۚ وَالَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ مَا يَمْلِكُونَ مِنْ قِطْمِيرٍ

    Цо буьйса денна чу ялайо‚ де буьйсанна чу даладо‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дIасалелаш ю шен тоьхна хан тIекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аш, Иза а витина шайга кхойкхучеран дōлахь ма дац цуьрриг а

    35:13
  14. إِنْ تَدْعُوهُمْ لَا يَسْمَعُوا دُعَاءَكُمْ وَلَوْ سَمِعُوا مَا اسْتَجَابُوا لَكُمْ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكْفُرُونَ بِشِرْكِكُمْ ۚ وَلَا يُنَبِّئُكَ مِثْلُ خَبِيرٍ

    Аш цаьрга кхийкхича а‚ царна ца хозу шун кхайкхар‚ хезча а, цара шуна жоп ца ло‚ къематдийнахь цара керстадийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац Ша сов хуучу (Цо) санна

    35:14
  15. يَا أَيُّهَا النَّاسُ أَنْتُمُ الْفُقَرَاءُ إِلَى اللَّهِ ۖ وَاللَّهُ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ

    ХIай нах! Шу пекъарш ду Деле. Дела Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а

    35:15
  16. إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ

    Шена лаахь, шу дIадахийтина керла халкъ далор ду Цо

    35:16
  17. وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ بِعَزِيزٍ

    Иза Далла /хIумма/ хала дац

    35:17
  18. وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ وَإِنْ تَدْعُ مُثْقَلَةٌ إِلَىٰ حِمْلِهَا لَا يُحْمَلْ مِنْهُ شَيْءٌ وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۗ إِنَّمَا تُنْذِرُ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ بِالْغَيْبِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ ۚ وَمَنْ تَزَكَّىٰ فَإِنَّمَا يَتَزَكَّىٰ لِنَفْسِهِ ۚ وَإِلَى اللَّهِ الْمَصِيرُ

    Хьур бац дхьочо кхечун мохь. /Къих/ дуьзна сино дийхича а шен /мохь/ дбахьар‚ хIумма цунах дхьур бац /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахь хьехам бе (кхерам таса) шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна И гуш воццушехь‚ ламаз а хIоттинчарна. ЦIанвелларг иза шена цIанло. Деле ду /шун массеран а/ дIадерзар

    35:18
  19. وَمَا يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ

    Цхьанийсса вац бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а‚

    35:19
  20. وَلَا الظُّلُمَاتُ وَلَا النُّورُ

    Боданаш а‚ нур а‚

    35:20

Гочдар: Магомед Магомедов