Сурат 35 ФатIир (Кхоллархо)

  1. إِنَّ اللَّهَ يُمْسِكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ أَنْ تَزُولَا ۚ وَلَئِنْ زَالَتَا إِنْ أَمْسَكَهُمَا مِنْ أَحَدٍ مِنْ بَعْدِهِ ۚ إِنَّهُ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًا

    Баккъалла а, Дала сацош ю стигланаш а‚ латта а дIатиларх. Уьш дIатилча, соцуьйтур яри-й уьш цхьамма а Цул тIаьхьа? Баккъалла а, Иза хилла тIех собаре верг а‚ гечдийриг а

    35:41
  2. وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ جَاءَهُمْ نَذِيرٌ لَيَكُونُنَّ أَهْدَىٰ مِنْ إِحْدَى الْأُمَمِ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُمْ نَذِيرٌ مَا زَادَهُمْ إِلَّا نُفُورًا

    Цара (Маккара керстанаша) дуй биира Делаца, инзаре чIогIа дуй, шайга кхерамча вагIахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ‚ аьлла. Цаьрга кхерамча веъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динна/ генабовларца бен‚

    35:42
  3. اسْتِكْبَارًا فِي الْأَرْضِ وَمَكْرَ السَّيِّئِ ۚ وَلَا يَحِيقُ الْمَكْرُ السَّيِّئُ إِلَّا بِأَهْلِهِ ۚ فَهَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا سُنَّتَ الْأَوَّلِينَ ۚ فَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَبْدِيلًا ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَحْوِيلًا

    Лаьттахь курабовларца а‚ вочу мекарлоца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охIлах бен. Хьовсур буй уьш хьалхалерчийн Iадате бен? Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Iадатна хьавзор /кхечунна тIе/

    35:43
  4. أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَكَانُوا أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُعْجِزَهُ مِنْ شَيْءٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَلِيمًا قَدِيرًا

    Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара хIоккхарал вуно чIогIа ницкъаца. Дела хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанна хIумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницкъ берг а

    35:44
  5. وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللَّهُ النَّاسَ بِمَا كَسَبُوا مَا تَرَكَ عَلَىٰ ظَهْرِهَا مِنْ دَابَّةٍ وَلَٰكِنْ يُؤَخِّرُهُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِعِبَادِهِ بَصِيرًا

    Дала нах луьйцуш белхьара цара карадинчуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а, тIехьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча, /Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжна/ - баккъалла а, Дела хилла Шен леш гуш верг

    35:45

Гочдар: Магомед Магомедов