Сурат 35 ФатIир (Кхоллархо), аят 1 – 4

  1. الْحَمْدُ لِلَّهِ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ جَاعِلِ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا أُولِي أَجْنِحَةٍ مَثْنَىٰ وَثُلَاثَ وَرُبَاعَ ۚ يَزِيدُ فِي الْخَلْقِ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Хастам бу Далла стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца Кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тIемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо совдоккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ берг ма ву

    35:1
  2. مَا يَفْتَحِ اللَّهُ لِلنَّاسِ مِنْ رَحْمَةٍ فَلَا مُمْسِكَ لَهَا ۖ وَمَا يُمْسِكْ فَلَا مُرْسِلَ لَهُ مِنْ بَعْدِهِ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Дала нахана Шен къинхетамах дIабеллинчунна вац цунна дIакъовлархо. Цо дIакъевлинчунна вац цунна дIахуьйцург Цул тIаьхьа. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    35:2
  3. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ هَلْ مِنْ خَالِقٍ غَيْرُ اللَّهِ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    ХIай нах! Хьехаде шайна тIехь хилла долу Делан ниIмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицкъ лур дарий-те шуна стиглара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Iехадеш ду-кх шу!

    35:3
  4. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Хьо цара харцвахь /хй Мухьаммад/. хьол хьалха а харцбина элчанаш. Далла тIе дIадоьрзу гIуллакхаш

    35:4

Гочдар: Магомед Магомедов