Сурат 35 ФатӀир (Кхоллархо), аят 1 – 7

  1. الْحَمْدُ لِلَّهِ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ جَاعِلِ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا أُولِي أَجْنِحَةٍ مَثْنَىٰ وَثُلَاثَ وَرُبَاعَ ۚ يَزِيدُ فِي الْخَلْقِ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Хастам бу Далла стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца Кхоллархачунна‚ шишша‚ кхоккха‚ диъ тӀемаш долчу маликех /пайхамарашка/ элчанаш хилийтинчунна. Цо совдоккху кхолларехь Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ берг ма ву

    35:1
  2. مَا يَفْتَحِ اللَّهُ لِلنَّاسِ مِنْ رَحْمَةٍ فَلَا مُمْسِكَ لَهَا ۖ وَمَا يُمْسِكْ فَلَا مُرْسِلَ لَهُ مِنْ بَعْدِهِ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Дала нахана Шен къинхетамах дӀабеллинчунна вац цунна дӀакъовлархо. Цо дӀакъевлинчунна вац цунна дӀахуьйцург Цул тӀаьхьа. Иза веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    35:2
  3. يَا أَيُّهَا النَّاسُ اذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ هَلْ مِنْ خَالِقٍ غَيْرُ اللَّهِ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    ХӀай нах! Хьехаде шайна тӀехь хилла долу Делан ниӀмат. Дела воцчу кхечу кхоллархочо рицкъ лур дарий-те шуна стиглара а‚ лаьттара а? Кхин Дела ма вац Иза воцург. Ма Ӏехадеш ду-кх шу!

    35:3
  4. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كُذِّبَتْ رُسُلٌ مِنْ قَبْلِكَ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Хьо цара харцвахь /хй Мухьаммад/. хьол хьалха а харцбина элчанаш. Далла тӀе дӀадоьрзу гӀуллакхаш

    35:4
  5. يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۖ فَلَا تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۖ وَلَا يَغُرَّنَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ

    ХӀай нах! Баккъалла а, Делан ваӀда хьакъ-бакъ ю. Шу данне а Ӏеха ма дойла дуьненан дахаро‚ шу данне а Ӏеха ма дойла Делаца Ӏехочо (шайтӀано)

    35:5
  6. إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمْ عَدُوٌّ فَاتَّخِذُوهُ عَدُوًّا ۚ إِنَّمَا يَدْعُو حِزْبَهُ لِيَكُونُوا مِنْ أَصْحَابِ السَّعِيرِ

    Баккъалла а, шайтӀа шуна мостагӀ ду‚ мостагӀ дей схьалаца иза. Цо кхойкху шен тоба жоьжахатин дай хиларе

    35:6
  7. الَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۖ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ

    Цатешнарш царна чӀогӀа Ӏазап /хир/ ду. Ийман диллинарш а‚ диканаш динарш а царна гечдар а‚ йоккха ял ма ю!

    35:7

Гочдар: Магомед Магомедов