Сурат 35 ФатӀир (Кхоллархо), аят 15 – 26

  1. يَا أَيُّهَا النَّاسُ أَنْتُمُ الْفُقَرَاءُ إِلَى اللَّهِ ۖ وَاللَّهُ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ

    ХӀай нах! Шу пекъарш ду Деле. Дела Иза ву хьалдерг а‚ хастаме верг а

    35:15
  2. إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ

    Шена лаахь, шу дӀадахийтина керла халкъ далор ду Цо

    35:16
  3. وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ بِعَزِيزٍ

    Иза Далла /хӀумма/ хала дац

    35:17
  4. وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۚ وَإِنْ تَدْعُ مُثْقَلَةٌ إِلَىٰ حِمْلِهَا لَا يُحْمَلْ مِنْهُ شَيْءٌ وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۗ إِنَّمَا تُنْذِرُ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ بِالْغَيْبِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ ۚ وَمَنْ تَزَكَّىٰ فَإِنَّمَا يَتَزَكَّىٰ لِنَفْسِهِ ۚ وَإِلَى اللَّهِ الْمَصِيرُ

    Хьур бац дхьочо кхечун мохь. /Къих/ дуьзна сино дийхича а шен /мохь/ дбахьар‚ хӀумма цунах дхьур бац /цхамма а/‚ гергарло йолуш иза хиллехь а. Ахь хьехам бе (кхерам таса) шайн Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна И гуш воццушехь‚ ламаз а хӀоттинчарна. ЦӀанвелларг иза шена цӀанло. Деле ду /шун массеран а/ дӀадерзар

    35:18
  5. وَمَا يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ

    Цхьанийсса вац бӀаьрса доцург а‚ бӀаьрса дерг а‚

    35:19
  6. وَلَا الظُّلُمَاتُ وَلَا النُّورُ

    Боданаш а‚ нур а‚

    35:20
  7. وَلَا الظِّلُّ وَلَا الْحَرُورُ

    ӀиндагӀа а‚ йовхо а

    35:21
  8. وَمَا يَسْتَوِي الْأَحْيَاءُ وَلَا الْأَمْوَاتُ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُسْمِعُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَمَا أَنْتَ بِمُسْمِعٍ مَنْ فِي الْقُبُورِ

    Цхьанийсса бац дийнаберш а‚ белларш а. Баккъалла а, Дала хозуьйту Шена луучуьнга. Хьо ма вац хозуьйтур долуш кешний чохь волчуьнга

    35:22
  9. إِنْ أَنْتَ إِلَّا نَذِيرٌ

    Хьо веккъа кхерамча ву

    35:23
  10. إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ بِالْحَقِّ بَشِيرًا وَنَذِيرًا ۚ وَإِنْ مِنْ أُمَّةٍ إِلَّا خَلَا فِيهَا نَذِيرٌ

    Баккъалла а, Оха вахийтина хьо бакъдолчуьнца кхаъ боккхург а‚ кхерам тосург а хилла. Цхьа а уммат ца хилла шена юккъехь кхерамча ваьхна бен

    35:24
  11. وَإِنْ يُكَذِّبُوكَ فَقَدْ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ وَبِالزُّبُرِ وَبِالْكِتَابِ الْمُنِيرِ

    Цара хьо харцвахь‚ царал хьалха хиллачара а харцбина /элчанаш/. Цаьрга баьхкира церан элчанаш билгалонашца а‚ язонашца а‚ нуре долчу жайнаца а

    35:25
  12. ثُمَّ أَخَذْتُ الَّذِينَ كَفَرُوا ۖ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ

    ТӀаккха Ас схьалецира цатешнарш. Муха хилира Ас цаларар /церан мал, Сан оьгзло царна/?

    35:26

Гочдар: Магомед Магомедов