Сурат 35 ФатӀир (Кхоллархо), аят 27 – 37
-
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجْنَا بِهِ ثَمَرَاتٍ مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهَا ۚ وَمِنَ الْجِبَالِ جُدَدٌ بِيضٌ وَحُمْرٌ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهَا وَغَرَابِيبُ سُودٌ
Хьуна хаьий Дала доссина хилар стиглара хи‚ Оха схьабехира цуьнца стоьмаш‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ лаьмнех а /дихкира/ некъаш: кӀайн а‚ цӀен а‚ шайн беснаш тайп-тайпана а долуш‚ чӀогӀа Ӏаьржадерш а
35:27 -
وَمِنَ النَّاسِ وَالدَّوَابِّ وَالْأَنْعَامِ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ كَذَٰلِكَ ۗ إِنَّمَا يَخْشَى اللَّهَ مِنْ عِبَادِهِ الْعُلَمَاءُ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ غَفُورٌ
Иштта нахах а‚ дийнатех а‚ бежнех а /хилийтира Оха/ шайн беснаш тайп-тайпана долуш. Баккъалла а, Делах кхоьру Цуьнан лешех Ӏеламнах. Баккъалла а, Дела ву веза верг а‚ гечдеш верг а
35:28 -
إِنَّ الَّذِينَ يَتْلُونَ كِتَابَ اللَّهِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَنْفَقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً يَرْجُونَ تِجَارَةً لَنْ تَبُورَ
Баккъалла а, Делан жайна доьшуш берш‚ ламаз хӀоттинарш‚ Оха шайна деллачу рицкъех къайлаха а‚ гучахь а /Делан новкъахь/ харжаш еш берш уьш дог дохуш бу цкъа а са йоцуш юьсур йоцчу йохк-эцаре (ялсамане)‚
35:29 -
لِيُوَفِّيَهُمْ أُجُورَهُمْ وَيَزِيدَهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ غَفُورٌ شَكُورٌ
/Уьш догдохуш бу/ Цо дӀаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниӀматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ баркалле верг а /Шена бадат диначарна/
35:30 -
وَالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ مِنَ الْكِتَابِ هُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِعِبَادِهِ لَخَبِيرٌ بَصِيرٌ
Оха вехьеца жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догӀуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лешех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву
35:31 -
ثُمَّ أَوْرَثْنَا الْكِتَابَ الَّذِينَ اصْطَفَيْنَا مِنْ عِبَادِنَا ۖ فَمِنْهُمْ ظَالِمٌ لِنَفْسِهِ وَمِنْهُمْ مُقْتَصِدٌ وَمِنْهُمْ سَابِقٌ بِالْخَيْرَاتِ بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الْكَبِيرُ
ТӀаккха Оха жайна (Къуръан) делира ирсана Тхан лешех Оха хаьржинчарна. Царах шена зулам дийриг а ву /цу Къуръанца Ӏамал ца еш/‚ царах барамехь /Ӏамал еш/ верг а ву‚ царах Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. Иза ду-кх доккха дозалла!
35:32 -
جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِنْ ذَهَبٍ وَلُؤْلُؤًا ۖ وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌ
Ӏадн (ц йолчу уггар еза йолчу ялсаманин) бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш боьдур болуш‚ /церан куьйгех/ буллур бу дашон а‚ луълуъан а гӀоз‚ церан духар цу чохь хир ду дāри
35:33 -
وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي أَذْهَبَ عَنَّا الْحَزَنَ ۖ إِنَّ رَبَّنَا لَغَفُورٌ شَكُورٌ
Цара эр ду: 'Хастам бу Далла‚ тхуна тӀера сингаттам дӀабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ баркалле верг а ву
35:34 -
الَّذِي أَحَلَّنَا دَارَ الْمُقَامَةِ مِنْ فَضْلِهِ لَا يَمَسُّنَا فِيهَا نَصَبٌ وَلَا يَمَسُّنَا فِيهَا لُغُوبٌ
Иштаниг ву Иза Ша хьанал дина тхуна /гуттар латтаран/ цӀа (ялсамани) Шен дозаллах‚ тхох ца хьакхало цу чохь хало‚ тхох ца хьакхало цу чохь кӀаддалар.'
35:35 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا لَهُمْ نَارُ جَهَنَّمَ لَا يُقْضَىٰ عَلَيْهِمْ فَيَمُوتُوا وَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمْ مِنْ عَذَابِهَا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي كُلَّ كَفُورٍ
Цатешнарш царна жоьжахатин цӀе ю‚ кхиэл йийр яц царна уьш леш‚ айдийр дац царна тӀера цуьнан Ӏазапах /хӀумма а/. Иштта бекхам бо Оха хӀор цатешачунна
35:36 -
وَهُمْ يَصْطَرِخُونَ فِيهَا رَبَّنَا أَخْرِجْنَا نَعْمَلْ صَالِحًا غَيْرَ الَّذِي كُنَّا نَعْمَلُ ۚ أَوَلَمْ نُعَمِّرْكُمْ مَا يَتَذَكَّرُ فِيهِ مَنْ تَذَكَّرَ وَجَاءَكُمُ النَّذِيرُ ۖ فَذُوقُوا فَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ نَصِيرٍ
Цара /Деле г доьхуш/ кхуьйкхур ду цу чохь: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ арадāхахь тхо‚ оха дика Ӏамал йийр ма яра, тхаш йина хилларг а йоцуш!' Оха дāха ца дитира шу /дуьненахь/ ша кхеташ верг кхеттал? Шуьга ма веара кхерамча. Ӏовша /хӀинца Ӏазап/‚ вац зуламхошна цхьа а гӀоьнча
35:37
Гочдар: Магомед Магомедов