Сурат 35 ФатӀир (Кхоллархо), аят 30 – 34

  1. لِيُوَفِّيَهُمْ أُجُورَهُمْ وَيَزِيدَهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ غَفُورٌ شَكُورٌ

    /Уьш догдохуш бу/ Цо дӀаяларе шайн ял‚ шаьш совбахаре Шен ниӀматах. Баккъалла а, Иза ву гечдеш верг а‚ баркалле верг а /Шена бадат диначарна/

    35:30
  2. وَالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ مِنَ الْكِتَابِ هُوَ الْحَقُّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِعِبَادِهِ لَخَبِيرٌ بَصِيرٌ

    Оха вехьеца жайнах хьоьга делларг иза бакъдерг ду‚ нийса догӀуш а хилла долу шел хьалха хиллачуьнца. Баккъалла а, Дела Шен лешех дерг сов дика хууш а ву‚ гуш а ву

    35:31
  3. ثُمَّ أَوْرَثْنَا الْكِتَابَ الَّذِينَ اصْطَفَيْنَا مِنْ عِبَادِنَا ۖ فَمِنْهُمْ ظَالِمٌ لِنَفْسِهِ وَمِنْهُمْ مُقْتَصِدٌ وَمِنْهُمْ سَابِقٌ بِالْخَيْرَاتِ بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَضْلُ الْكَبِيرُ

    ТӀаккха Оха жайна (Къуръан) делира ирсана Тхан лешех Оха хаьржинчарна. Царах шена зулам дийриг а ву /цу Къуръанца Ӏамал ца еш/‚ царах барамехь /Ӏамал еш/ верг а ву‚ царах Делан пурбанца диканашца хьалхаваьлларг а ву. Иза ду-кх доккха дозалла!

    35:32
  4. جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا يُحَلَّوْنَ فِيهَا مِنْ أَسَاوِرَ مِنْ ذَهَبٍ وَلُؤْلُؤًا ۖ وَلِبَاسُهُمْ فِيهَا حَرِيرٌ

    Ӏадн (ц йолчу уггар еза йолчу ялсаманин) бошмаш /ю царна/‚ шена чу уьш боьдур болуш‚ /церан куьйгех/ буллур бу дашон а‚ луълуъан а гӀоз‚ церан духар цу чохь хир ду дāри

    35:33
  5. وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي أَذْهَبَ عَنَّا الْحَزَنَ ۖ إِنَّ رَبَّنَا لَغَفُورٌ شَكُورٌ

    Цара эр ду: 'Хастам бу Далла‚ тхуна тӀера сингаттам дӀабаьккхинчу. Баккъалла а, тхан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ баркалле верг а ву

    35:34

Гочдар: Магомед Магомедов