Сурат 35 ФатӀир (Кхоллархо), аят 38 – 45
-
إِنَّ اللَّهَ عَالِمُ غَيْبِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Баккъалла а, Дела ву стигланийн а‚ лаьттан а хьуламехьдерг хууш верг. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг а
35:38 -
هُوَ الَّذِي جَعَلَكُمْ خَلَائِفَ فِي الْأَرْضِ ۚ فَمَنْ كَفَرَ فَعَلَيْهِ كُفْرُهُ ۖ وَلَا يَزِيدُ الْكَافِرِينَ كُفْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ إِلَّا مَقْتًا ۖ وَلَا يَزِيدُ الْكَافِرِينَ كُفْرُهُمْ إِلَّا خَسَارًا
Иза ву Ша шух лаьттахь тӀаьхье хилийтина. Милла а велахь керставаьлла цунна шена ду цуьнан керстаналла. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло шайн Кхиош-кхобучунна гергахь оьгӀазаллица бен. Совбохур бац керстанаш церан керстаналло эшаллица бен
35:39 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ شُرَكَاءَكُمُ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَرُونِي مَاذَا خَلَقُوا مِنَ الْأَرْضِ أَمْ لَهُمْ شِرْكٌ فِي السَّمَاوَاتِ أَمْ آتَيْنَاهُمْ كِتَابًا فَهُمْ عَلَىٰ بَيِّنَتٍ مِنْهُ ۚ بَلْ إِنْ يَعِدُ الظَّالِمُونَ بَعْضُهُمْ بَعْضًا إِلَّا غُرُورًا
Ахь āла: 'Хьовсал шайн накъосташка‚ аш шайга кхойкхуш болчу, Дела а витина. Гайтал соьга‚ хӀун кхоьллина цара лаьттахь‚ я царна /Делаца/ накъосталла ду стигланашкахь‚ я Оха цаьрга жайна делла‚ уьш Цуьнгара билгалонашкахь а болуш? ХӀаъ‚ зуламхоша цхьаболчара вукхарна еш йолу ваӀда Ӏехор бен ма яц
35:40 -
إِنَّ اللَّهَ يُمْسِكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ أَنْ تَزُولَا ۚ وَلَئِنْ زَالَتَا إِنْ أَمْسَكَهُمَا مِنْ أَحَدٍ مِنْ بَعْدِهِ ۚ إِنَّهُ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًا
Баккъалла а, Дала сацош ю стигланаш а‚ латта а дӀатиларх. Уьш дӀатилча, соцуьйтур яри-й уьш цхьамма а Цул тӀаьхьа? Баккъалла а, Иза хилла тӀех собаре верг а‚ гечдийриг а
35:41 -
وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ جَاءَهُمْ نَذِيرٌ لَيَكُونُنَّ أَهْدَىٰ مِنْ إِحْدَى الْأُمَمِ ۖ فَلَمَّا جَاءَهُمْ نَذِيرٌ مَا زَادَهُمْ إِلَّا نُفُورًا
Цара (Маккара керстанаша) дуй биира Делаца, инзаре чӀогӀа дуй, шайга кхерамча вагӀахь‚ шаьш хир ма ду уггар нийсачу новкъахь долчу умматех цхьаъ‚ аьлла. Цаьрга кхерамча веъча‚ цо сов ца бехира уьш /ислам динна/ генабовларца бен‚
35:42 -
اسْتِكْبَارًا فِي الْأَرْضِ وَمَكْرَ السَّيِّئِ ۚ وَلَا يَحِيقُ الْمَكْرُ السَّيِّئُ إِلَّا بِأَهْلِهِ ۚ فَهَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا سُنَّتَ الْأَوَّلِينَ ۚ فَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَبْدِيلًا ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّتِ اللَّهِ تَحْوِيلًا
Лаьттахь курабовларца а‚ вочу мекарлоца а бен. Вон мекарло ца хьерча шен охӀлах бен. Хьовсур буй уьш хьалхалерчийн Ӏадате бен? Хьуна карор ма дац Делан Ӏадатна хийцар. Хьуна карор ма дац Делан Ӏадатна хьавзор /кхечунна тӀе/
35:43 -
أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَكَانُوا أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُعْجِزَهُ مِنْ شَيْءٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَلَا فِي الْأَرْضِ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَلِيمًا قَدِيرًا
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тӀаьхье? Уьш ма бара хӀоккхарал вуно чӀогӀа ницкъаца. Дела хили Ша духатухур воцуш стигланашкахь а‚ лаьттахь а цхьанна хӀумано. Баккъалла а, Иза хили хууш верг а‚ ницкъ берг а
35:44 -
وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللَّهُ النَّاسَ بِمَا كَسَبُوا مَا تَرَكَ عَلَىٰ ظَهْرِهَا مِنْ دَابَّةٍ وَلَٰكِنْ يُؤَخِّرُهُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِعِبَادِهِ بَصِيرًا
Дала нах луьйцуш белхьара цара карадинчуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тӀехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а, тӀехьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тӀекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тӀееъча, /Цо бекхам бийр бу царна шайн Ӏамалашка хьаьжна/ - баккъалла а, Дела хилла Шен леш гуш верг
35:45
Гочдар: Магомед Магомедов