Сурат 35 ФатӀир (Кхоллархо), аят 8 – 14

  1. أَفَمَنْ زُيِّنَ لَهُ سُوءُ عَمَلِهِ فَرَآهُ حَسَنًا ۖ فَإِنَّ اللَّهَ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۖ فَلَا تَذْهَبْ نَفْسُكَ عَلَيْهِمْ حَسَرَاتٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا يَصْنَعُونَ

    Ткъа ву-те шен Ӏамалах вониг шена хазйинарг‚ тӀаккъа иза шена хаза гинарг /дика Ӏамал йинчух терра/? Баккъалла а, Дала тилавала ма вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена луург. Хьан са ма даа царна тӀехь, гӀайгӀа еш. Баккъалла а, Дела ву цара деш дерг хууш верг

    35:8
  2. وَاللَّهُ الَّذِي أَرْسَلَ الرِّيَاحَ فَتُثِيرُ سَحَابًا فَسُقْنَاهُ إِلَىٰ بَلَدٍ مَيِّتٍ فَأَحْيَيْنَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ كَذَٰلِكَ النُّشُورُ

    Дела ву Ша мох бохуьйтуш верг‚ Цо цуьнга хьейойту мархаш‚ Оха уьш дӀалехкира беллачу махка цуьнца (догӀица) латта дендийра иза деллачул тӀаьхьа. Иштта ду /шу/ юхадендар а

    35:9
  3. مَنْ كَانَ يُرِيدُ الْعِزَّةَ فَلِلَّهِ الْعِزَّةُ جَمِيعًا ۚ إِلَيْهِ يَصْعَدُ الْكَلِمُ الطَّيِّبُ وَالْعَمَلُ الصَّالِحُ يَرْفَعُهُ ۚ وَالَّذِينَ يَمْكُرُونَ السَّيِّئَاتِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۖ وَمَكْرُ أُولَٰئِكَ هُوَ يَبُورُ

    Мила а хиллехь сий дезаш, Делан ду сий дерриге а. Цунна тӀе хьалаайло цӀена дош а‚ дика Ӏамал а‚ Цо аййо иза. Вонашца мекарло еш берш, царна чӀогӀа Ӏазап ду. Церан мекарло иза эрна ю

    35:10
  4. وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ جَعَلَكُمْ أَزْوَاجًا ۚ وَمَا تَحْمِلُ مِنْ أُنْثَىٰ وَلَا تَضَعُ إِلَّا بِعِلْمِهِ ۚ وَمَا يُعَمَّرُ مِنْ مُعَمَّرٍ وَلَا يُنْقَصُ مِنْ عُمُرِهِ إِلَّا فِي كِتَابٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    Дела ву Ша шу кхоьллинарг поппарх‚ тӀаккха тӀадамах. ТӀаккха Цо хилийтина шух боьршаниг а‚ стениг а. Цхьа а зуда берах хир ма яц‚ цо бер дийр ма дац Цуьнан хаарца бен. Цхьа а вехаш верг вехар а ма вац‚ цуьнан дахарах оьшур а ма дац жайна чохь долуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ма ду

    35:11
  5. وَمَا يَسْتَوِي الْبَحْرَانِ هَٰذَا عَذْبٌ فُرَاتٌ سَائِغٌ شَرَابُهُ وَهَٰذَا مِلْحٌ أُجَاجٌ ۖ وَمِنْ كُلٍّ تَأْكُلُونَ لَحْمًا طَرِيًّا وَتَسْتَخْرِجُونَ حِلْيَةً تَلْبَسُونَهَا ۖ وَتَرَى الْفُلْكَ فِيهِ مَوَاخِرَ لِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Цхьанийсса бац /хӀара/ ши хӀорд: хӀара мерза-теза‚ шен хи мала атта долуш бу‚ ткъа важа дуьра туха ду. ХӀораммах аш дуу керла жижиг‚ аш /царна чуьра/ схьайоху мехала маржанаш‚ аш уьш тӀеюху. Хьуна го кема царна чухула кхерсташ аш лахархьама Цуьнан ниӀматах‚ аш /Дала деллачу ниӀматашна / шукур дархьама а

    35:12
  6. يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ كُلٌّ يَجْرِي لِأَجَلٍ مُسَمًّى ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ لَهُ الْمُلْكُ ۚ وَالَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ مَا يَمْلِكُونَ مِنْ قِطْمِيرٍ

    Цо буьйса денна чу ялайо‚ де буьйсанна чу даладо‚ болх бойту малхе а‚ батте а. Массо а дӀасалелаш ю шен тоьхна хан тӀекхаччалц. Иза ву Дела‚ шун Эла‚ Цуьнан ду паччахьалла. Аш, Иза а витина шайга кхойкхучеран дōлахь ма дац цуьрриг а

    35:13
  7. إِنْ تَدْعُوهُمْ لَا يَسْمَعُوا دُعَاءَكُمْ وَلَوْ سَمِعُوا مَا اسْتَجَابُوا لَكُمْ ۖ وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ يَكْفُرُونَ بِشِرْكِكُمْ ۚ وَلَا يُنَبِّئُكَ مِثْلُ خَبِيرٍ

    Аш цаьрга кхийкхича а‚ царна ца хозу шун кхайкхар‚ хезча а, цара шуна жоп ца ло‚ къематдийнахь цара керстадийр ду шун накъосталла. Цхьаммо а хьоьга дуьйцур ма дац Ша сов хуучу (Цо) санна

    35:14

Гочдар: Магомед Магомедов