Сурат 36 Йа-син

  1. وَآيَةٌ لَهُمْ أَنَّا حَمَلْنَا ذُرِّيَّتَهُمْ فِي الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ

    Билгала делил ду царна Оха церан зуьррет дуьззина хиллачу /Нухьан/ кемана тIехь дсалелийна хилар

    36:41
  2. وَخَلَقْنَا لَهُمْ مِنْ مِثْلِهِ مَا يَرْكَبُونَ

    Цунах тера кхоьллира Оха царна уьш тIе хаа хIуманаш а

    36:42
  3. وَإِنْ نَشَأْ نُغْرِقْهُمْ فَلَا صَرِيخَ لَهُمْ وَلَا هُمْ يُنْقَذُونَ

    Тхуна лиънехьара‚ хи чу бахийтина хир бара уьш‚ ма хир дацара царна орца‚ ма кIелхьарбохур бацара уьш

    36:43
  4. إِلَّا رَحْمَةً مِنَّا وَمَتَاعًا إِلَىٰ حِينٍ

    Тхоьгара къинхетам а‚ цхьа хан тIекхаччалц бахам а хилча бен

    36:44
  5. وَإِذَا قِيلَ لَهُمُ اتَّقُوا مَا بَيْنَ أَيْدِيكُمْ وَمَا خَلْفَكُمْ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Цаьрга аьлча: 'Шу кхералаш шун хьалха хиллачух а‚ шун тIаьхьа хирдолчух а шух къинхетам бан там бара' /уьш дIабоьрзу/

    36:45
  6. وَمَا تَأْتِيهِمْ مِنْ آيَةٍ مِنْ آيَاتِ رَبِّهِمْ إِلَّا كَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ

    Делан аятех цхьа а аят ца догIу цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш а бен

    36:46
  7. وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ أَنْفِقُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ قَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنُطْعِمُ مَنْ لَوْ يَشَاءُ اللَّهُ أَطْعَمَهُ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Цаьрга аьлча: 'Саг ло /мискачарна / Дала шайна деллачу рицкъах,' цатешачара олу ийман диллинчарах: 'Оха хIунда кхобу уьш? Дала, Шена лаахь, Ша кхобур бу‚ ган а гуш тилар чохь ду-кх шу'

    36:47
  8. وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    /ТIаккха/ цара олу: 'Маца хир ду иза аш дуьйцург, шу бакълуьйш хиллехь?'

    36:48
  9. مَا يَنْظُرُونَ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً تَأْخُذُهُمْ وَهُمْ يَخِصِّمُونَ

    Хьоьжуш лаьттар бац уьш беккъа цхьа чIогIа мохь хир бу: цо схьалоцур бу уьш, шаьш лаьтташехь къуьйсуш

    36:49
  10. فَلَا يَسْتَطِيعُونَ تَوْصِيَةً وَلَا إِلَىٰ أَهْلِهِمْ يَرْجِعُونَ

    Весет дан а ницкъ кхочур бац царна‚ шайн нахана тIе юхабоьрзур а бац уьш

    36:50
  11. وَنُفِخَ فِي الصُّورِ فَإِذَا هُمْ مِنَ الْأَجْدَاثِ إِلَىٰ رَبِّهِمْ يَنْسِلُونَ

    Сур локхур ю уьш кешнашкара шайн Кхиош-кхобучунна тIе сихлур бу

    36:51
  12. قَالُوا يَا وَيْلَنَا مَنْ بَعَثَنَا مِنْ مَرْقَدِنَا ۜ ۗ هَٰذَا مَا وَعَدَ الرَّحْمَٰنُ وَصَدَقَ الْمُرْسَلُونَ

    Цара элира: 'Ма боккха бала беана вайна! Хьан гIовтина-те вай‚ дийшина Iохкучуьра?!' /Маликаша я муъмин наха эр ду/: 'ХIара ду шуна Къинхетам болчо хир ду аьлларг. Бакълина элчанаш'

    36:52
  13. إِنْ كَانَتْ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ جَمِيعٌ لَدَيْنَا مُحْضَرُونَ

    Беккъа цхьа чIогIа мохь хилла уьш берриге а Тхуна хьалха дIатарбелла

    36:53
  14. فَالْيَوْمَ لَا تُظْلَمُ نَفْسٌ شَيْئًا وَلَا تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Тахана синна цхьанна хIуманца зулам дийр ма дац‚ аш йинчу Iамалшца бен бекхам а шуна хир ма бац

    36:54
  15. إِنَّ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ الْيَوْمَ فِي شُغُلٍ فَاكِهُونَ

    Баккъалла а, ялсаманин дай тахана /шайн/ гIуллакхашкахь зовкх хьоьгуш хир бу

    36:55
  16. هُمْ وَأَزْوَاجُهُمْ فِي ظِلَالٍ عَلَى الْأَرَائِكِ مُتَّكِئُونَ

    Уьш а‚ церан зударий а IиндагIехь маьнганашна тIетевжина лаьттар ма бу

    36:56
  17. لَهُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ وَلَهُمْ مَا يَدَّعُونَ

    Царна цигахь стоьмаш а‚ царна шаьш ехнарг хир ма ю

    36:57
  18. سَلَامٌ قَوْلًا مِنْ رَبٍّ رَحِيمٍ

    'Салам!' олуш маршалла хир ду къинхетаме волчу Делера

    36:58
  19. وَامْتَازُوا الْيَوْمَ أَيُّهَا الْمُجْرِمُونَ

    Шу дIакъаста тахана‚ хIай къинош динарш!

    36:59
  20. أَلَمْ أَعْهَدْ إِلَيْكُمْ يَا بَنِي آدَمَ أَنْ لَا تَعْبُدُوا الشَّيْطَانَ ۖ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ

    Ас шуьга ца аьллера ткъа: 'ХIай Āдаман кIентий! ШайтIанна Iибадат ма делаш иза шуна билгала мостагI ма дуй?

    36:60

Гочдар: Магомед Магомедов