Сурат 36 Йа-син
-
اتَّبِعُوا مَنْ لَا يَسْأَلُكُمْ أَجْرًا وَهُمْ مُهْتَدُونَ
ТIаьхьахIитта шайга мах ца боьхуш болчарна уьш нийсачу новкъахь ма бу
36:21 -
وَمَا لِيَ لَا أَعْبُدُ الَّذِي فَطَرَنِي وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Ас хIунда ца до Iибадат суо Кхоьллинчунна‚ шу а Шена тIе дIадуьгур долчунна?
36:22 -
أَأَتَّخِذُ مِنْ دُونِهِ آلِهَةً إِنْ يُرِدْنِ الرَّحْمَٰنُ بِضُرٍّ لَا تُغْنِ عَنِّي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا وَلَا يُنْقِذُونِ
Иза а вуьтий‚ кхин делий тIелоцу ткъа ас? Къинхетаме волчунна (Далла) суна цхьа зен дан лиъча‚ церан шапаIаташа хIумма а гIо дийр ма дацара суна‚ цара со кIелхьарвоккхур ма вацара /Делан Iазапах/
36:23 -
إِنِّي إِذًا لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Ган а гуш долчу тилар чохь хир ма вара со тIаккха
36:24 -
إِنِّي آمَنْتُ بِرَبِّكُمْ فَاسْمَعُونِ
Баккъалла а, ас ийман дилли шун Кхиош-кхобучуьнга, соьга ладогIа…'
36:25 -
قِيلَ ادْخُلِ الْجَنَّةَ ۖ قَالَ يَا لَيْتَ قَوْمِي يَعْلَمُونَ
/Маликаша/ элира: 'Ялсамане гIо'. Цо элира /шен са долуш/: 'ХIай сан къам‚ шу хууш хиллехьара-кх
36:26 -
بِمَا غَفَرَ لِي رَبِّي وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُكْرَمِينَ
Суна сан Кхиош-кхобучо гечдина хилар а‚ Цо со сийлахь болчарах хилийтар а'
36:27 -
وَمَا أَنْزَلْنَا عَلَىٰ قَوْمِهِ مِنْ بَعْدِهِ مِنْ جُنْدٍ مِنَ السَّمَاءِ وَمَا كُنَّا مُنْزِلِينَ
Цул тIаьхьа цуьнан къоманна тIе стиглара бIо ца баийтира Оха‚ и боуьйтурш ца хилира Тхо
36:28 -
إِنْ كَانَتْ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً فَإِذَا هُمْ خَامِدُونَ
Беккъа цхьа чIогIа мохь хилира уьш /чим хилла/ дIатийна бисира
36:29 -
يَا حَسْرَةً عَلَى الْعِبَادِ ۚ مَا يَأْتِيهِمْ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Ма боккха бала бу-кх /Сан/ лешна: цхьа а элча ца веана-кх цаьрга, и цара хьийзавеш бен
36:30 -
أَلَمْ يَرَوْا كَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنَ الْقُرُونِ أَنَّهُمْ إِلَيْهِمْ لَا يَرْجِعُونَ
Царна ца го-техьа: мел дукха тьхьенаш хIаллакйина Оха царал хьалха‚ уьш царна тIе юхабоьрзур ма бац
36:31 -
وَإِنْ كُلٌّ لَمَّا جَمِيعٌ لَدَيْنَا مُحْضَرُونَ
Массо а цхьана Тхуна хьалха дIахIиттор ма бу
36:32 -
وَآيَةٌ لَهُمُ الْأَرْضُ الْمَيْتَةُ أَحْيَيْنَاهَا وَأَخْرَجْنَا مِنْهَا حَبًّا فَمِنْهُ يَأْكُلُونَ
Билгала делил ма дуй царна делла долу латта: Оха иза дендина‚ цунах Оха буьртигаш а схьадаьхна царах цара кхача боу
36:33 -
وَجَعَلْنَا فِيهَا جَنَّاتٍ مِنْ نَخِيلٍ وَأَعْنَابٍ وَفَجَّرْنَا فِيهَا مِنَ الْعُيُونِ
Цунна тIехь Оха хурманийн а‚ кемсийн а бошмаш хIиттийна. Цунах Оха шовданаш а даьхна
36:34 -
لِيَأْكُلُوا مِنْ ثَمَرِهِ وَمَا عَمِلَتْهُ أَيْدِيهِمْ ۖ أَفَلَا يَشْكُرُونَ
Цаьрга цуьнан стоьмаш баийта церан куьйгаша ца дина иза. Баркалла хIунда ца олу цара?
36:35 -
سُبْحَانَ الَّذِي خَلَقَ الْأَزْوَاجَ كُلَّهَا مِمَّا تُنْبِتُ الْأَرْضُ وَمِنْ أَنْفُسِهِمْ وَمِمَّا لَا يَعْلَمُونَ
Цна ву И (Дела массо а кхачамбацарех)‚ Ша массо а хIума боьрша а‚ сте а‚ кхоьллина волу: лаьтто схьадолуьйтуш дерг а‚ уьш шаьш а‚ царна цахуург а
36:36 -
وَآيَةٌ لَهُمُ اللَّيْلُ نَسْلَخُ مِنْهُ النَّهَارَ فَإِذَا هُمْ مُظْلِمُونَ
Билгала делил ду царна буьйса: цунах де схьадоккху Оха‚ тккха уьш боданехь буьсуш
36:37 -
وَالشَّمْسُ تَجْرِي لِمُسْتَقَرٍّ لَهَا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
Малх а дIалела шена хIоттинчу меттиге Ша веза волчун‚ Ша хууш волчун дIахIоттам бу иза
36:38 -
وَالْقَمَرَ قَدَّرْنَاهُ مَنَازِلَ حَتَّىٰ عَادَ كَالْعُرْجُونِ الْقَدِيمِ
Беттан а барам бина Оха шен манзалашкахь дIабоьрзуш хурманан ширчу гах тарлой
36:39 -
لَا الشَّمْسُ يَنْبَغِي لَهَا أَنْ تُدْرِكَ الْقَمَرَ وَلَا اللَّيْلُ سَابِقُ النَّهَارِ ۚ وَكُلٌّ فِي فَلَكٍ يَسْبَحُونَ
Малх баттана тIаьхьа ца кхуьу‚ буьйса дийнал хьалха ца йолу массо а шен-шен меттехь нека деш ю
36:40
Гочдар: Магомед Магомедов