Сурат 38 Сад, аят 1 – 14
-
ص ۚ وَالْقُرْآنِ ذِي الذِّكْرِ
Сāд. Шегахь хьехам болчу Къуръанах /дуй боу Ас/:
38:1 -
بَلِ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي عِزَّةٍ وَشِقَاقٍ
ХӀаъ‚ цатешнарш кураллина чохь а‚ мостагӀаллина чохь а бу-кх
38:2 -
كَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ قَرْنٍ فَنَادَوْا وَلَاتَ حِينَ مَنَاصٍ
Мел тӀаьхье хӀаллакйина Оха царал хьалха‚ цара кхойкхура /къинхетам боьхуш/ яцара и /кӀелхьарбевлла/ бовдаран хан
38:3 -
وَعَجِبُوا أَنْ جَاءَهُمْ مُنْذِرٌ مِنْهُمْ ۖ وَقَالَ الْكَافِرُونَ هَٰذَا سَاحِرٌ كَذَّابٌ
Цецбевлира уьш шайга шайн юккъера кхерамча веъча. Цатешачара элира: 'ХӀара тӀех харцволу бозбуунча ву
38:4 -
أَجَعَلَ الْآلِهَةَ إِلَٰهًا وَاحِدًا ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ عُجَابٌ
Цо /дуккха делийн метта/ цхьа дела хилийтина? И тамаше хӀума ду!'
38:5 -
وَانْطَلَقَ الْمَلَأُ مِنْهُمْ أَنِ امْشُوا وَاصْبِرُوا عَلَىٰ آلِهَتِكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ يُرَادُ
Царах хьалдолу тоба дӀаяхара /олуш/: 'Дг‚ собар а де шайн делий тӀехь. Баккъалла а, хӀара ду дезаш долу хӀума
38:6 -
مَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي الْمِلَّةِ الْآخِرَةِ إِنْ هَٰذَا إِلَّا اخْتِلَاقٌ
Тхуна ца хезна оцунах тӀаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина хӀума а бен дац”
38:7 -
أَأُنْزِلَ عَلَيْهِ الذِّكْرُ مِنْ بَيْنِنَا ۚ بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ مِنْ ذِكْرِي ۖ بَلْ لَمَّا يَذُوقُوا عَذَابِ
'Цуьнга боссина хьехам вайна юккъера?'. ХӀаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХӀаъ‚ цара /хӀинца а/ ца Ӏевшина Сан Ӏазап
38:8 -
أَمْ عِنْدَهُمْ خَزَائِنُ رَحْمَةِ رَبِّكَ الْعَزِيزِ الْوَهَّابِ
Ткъа цаьргахь ю хьан веза волчу‚ /пайхамарна ниӀмат/ луш волчу Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнаш?
38:9 -
أَمْ لَهُمْ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ فَلْيَرْتَقُوا فِي الْأَسْبَابِ
Я церан ду стигалнийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигла/ гӀирсашца
38:10 -
جُنْدٌ مَا هُنَالِكَ مَهْزُومٌ مِنَ الْأَحْزَابِ
/Паймарна дуьхьал вовшахтоьхначу/ тобанех цхьа кӀеззиг бӀо бу уьш – бохор бу хьуна иза
38:11 -
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَعَادٌ وَفِرْعَوْنُ ذُو الْأَوْتَادِ
Харцбира /пайхамарш/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Ӏадаша а‚ хьостамаш долчу ФирӀавно а
38:12 -
وَثَمُودُ وَقَوْمُ لُوطٍ وَأَصْحَابُ الْأَيْكَةِ ۚ أُولَٰئِكَ الْأَحْزَابُ
Самудаша а‚ ЛутӀан къомо а‚ Айкатан дайша а цу /ерриг/ тобанаша
38:13 -
إِنْ كُلٌّ إِلَّا كَذَّبَ الرُّسُلَ فَحَقَّ عِقَابِ
Массара а харцбира элчанаш бакъхилира Сан бекхам
38:14
Гочдар: Магомед Магомедов