Сурат 38 Сад
-
ص ۚ وَالْقُرْآنِ ذِي الذِّكْرِ
Сāд. Шегахь хьехам болчу Къуръанах /дуй боу Ас/:
38:1 -
بَلِ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي عِزَّةٍ وَشِقَاقٍ
ХIаъ‚ цатешнарш кураллина чохь а‚ мостагIаллина чохь а бу-кх
38:2 -
كَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ قَرْنٍ فَنَادَوْا وَلَاتَ حِينَ مَنَاصٍ
Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царал хьалха‚ цара кхойкхура /къинхетам боьхуш/ яцара и /кIелхьарбевлла/ бовдаран хан
38:3 -
وَعَجِبُوا أَنْ جَاءَهُمْ مُنْذِرٌ مِنْهُمْ ۖ وَقَالَ الْكَافِرُونَ هَٰذَا سَاحِرٌ كَذَّابٌ
Цецбевлира уьш шайга шайн юккъера кхерамча веъча. Цатешачара элира: 'ХIара тIех харцволу бозбуунча ву
38:4 -
أَجَعَلَ الْآلِهَةَ إِلَٰهًا وَاحِدًا ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ عُجَابٌ
Цо /дуккха делийн метта/ цхьа дела хилийтина? И тамаше хIума ду!'
38:5 -
وَانْطَلَقَ الْمَلَأُ مِنْهُمْ أَنِ امْشُوا وَاصْبِرُوا عَلَىٰ آلِهَتِكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ يُرَادُ
Царах хьалдолу тоба дIаяхара /олуш/: 'Дг‚ собар а де шайн делий тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума
38:6 -
مَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي الْمِلَّةِ الْآخِرَةِ إِنْ هَٰذَا إِلَّا اخْتِلَاقٌ
Тхуна ца хезна оцунах тIаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац”
38:7 -
أَأُنْزِلَ عَلَيْهِ الذِّكْرُ مِنْ بَيْنِنَا ۚ بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ مِنْ ذِكْرِي ۖ بَلْ لَمَّا يَذُوقُوا عَذَابِ
'Цуьнга боссина хьехам вайна юккъера?'. ХIаъ‚ уьш шеконехь бу-кх Сан хьехамах. ХIаъ‚ цара /хIинца а/ ца Iевшина Сан Iазап
38:8 -
أَمْ عِنْدَهُمْ خَزَائِنُ رَحْمَةِ رَبِّكَ الْعَزِيزِ الْوَهَّابِ
Ткъа цаьргахь ю хьан веза волчу‚ /пайхамарна ниIмат/ луш волчу Кхиош-кхобучун къинхетаман хазнаш?
38:9 -
أَمْ لَهُمْ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ فَلْيَرْتَقُوا فِي الْأَسْبَابِ
Я церан ду стигалнийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла? Хьалаболийла уьш /стигла/ гIирсашца
38:10 -
جُنْدٌ مَا هُنَالِكَ مَهْزُومٌ مِنَ الْأَحْزَابِ
/Паймарна дуьхьал вовшахтоьхначу/ тобанех цхьа кIеззиг бIо бу уьш – бохор бу хьуна иза
38:11 -
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَعَادٌ وَفِرْعَوْنُ ذُو الْأَوْتَادِ
Харцбира /пайхамарш/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Iадаша а‚ хьостамаш долчу ФирIавно а
38:12 -
وَثَمُودُ وَقَوْمُ لُوطٍ وَأَصْحَابُ الْأَيْكَةِ ۚ أُولَٰئِكَ الْأَحْزَابُ
Самудаша а‚ ЛутIан къомо а‚ Айкатан дайша а цу /ерриг/ тобанаша
38:13 -
إِنْ كُلٌّ إِلَّا كَذَّبَ الرُّسُلَ فَحَقَّ عِقَابِ
Массара а харцбира элчанаш бакъхилира Сан бекхам
38:14 -
وَمَا يَنْظُرُ هَٰؤُلَاءِ إِلَّا صَيْحَةً وَاحِدَةً مَا لَهَا مِنْ فَوَاقٍ
Хрш хьовсур ма бац цхьана мохье бен цунна хан яхъяр хир дац. (И мохь тохар тIаьхьатоттур дац.)
38:15 -
وَقَالُوا رَبَّنَا عَجِّلْ لَنَا قِطَّنَا قَبْلَ يَوْمِ الْحِسَابِ
Цара (Маккан охано ца бешаш) элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ сихде тхуна тхан дāкъа хьесапан де дале'
38:16 -
اصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَاذْكُرْ عَبْدَنَا دَاوُودَ ذَا الْأَيْدِ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ
Сатоха /ахь‚ хIай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/ тIевоьрзуш верг вара
38:17 -
إِنَّا سَخَّرْنَا الْجِبَالَ مَعَهُ يُسَبِّحْنَ بِالْعَشِيِّ وَالْإِشْرَاقِ
Оха муьтIахь дира /Давудана/ лаьмнаш цуьнца цхьана тасбахь деш суьйранца а‚ /малх/ дIакхетарца а
38:18 -
وَالطَّيْرَ مَحْشُورَةً ۖ كُلٌّ لَهُ أَوَّابٌ
Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ массо а Цунна тIедоьрзу /муьтIахь хиларца, тасбахь дарца/
38:19 -
وَشَدَدْنَا مُلْكَهُ وَآتَيْنَاهُ الْحِكْمَةَ وَفَصْلَ الْخِطَابِ
Оха чIагIдира цуьнан паччахьалла‚ делира цунна хьекъалалла а‚ дов къастон хаар а
38:20
Гочдар: Магомед Магомедов