Сурат 38 Сад, аят 1 – 7

  1. ص ۚ وَالْقُرْآنِ ذِي الذِّكْرِ

    Сāд. Шегахь хьехам болчу Къуръанах /дуй боу Ас/:

    38:1
  2. بَلِ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي عِزَّةٍ وَشِقَاقٍ

    ХIаъ‚ цатешнарш кураллина чохь а‚ мостагIаллина чохь а бу-кх

    38:2
  3. كَمْ أَهْلَكْنَا مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ قَرْنٍ فَنَادَوْا وَلَاتَ حِينَ مَنَاصٍ

    Мел тIаьхье хIаллакйина Оха царал хьалха‚ цара кхойкхура /къинхетам боьхуш/ яцара и /кIелхьарбевлла/ бовдаран хан

    38:3
  4. وَعَجِبُوا أَنْ جَاءَهُمْ مُنْذِرٌ مِنْهُمْ ۖ وَقَالَ الْكَافِرُونَ هَٰذَا سَاحِرٌ كَذَّابٌ

    Цецбевлира уьш шайга шайн юккъера кхерамча веъча. Цатешачара элира: 'ХIара тIех харцволу бозбуунча ву

    38:4
  5. أَجَعَلَ الْآلِهَةَ إِلَٰهًا وَاحِدًا ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ عُجَابٌ

    Цо /дуккха делийн метта/ цхьа дела хилийтина? И тамаше хIума ду!'

    38:5
  6. وَانْطَلَقَ الْمَلَأُ مِنْهُمْ أَنِ امْشُوا وَاصْبِرُوا عَلَىٰ آلِهَتِكُمْ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَشَيْءٌ يُرَادُ

    Царах хьалдолу тоба дIаяхара /олуш/: 'Дг‚ собар а де шайн делий тIехь. Баккъалла а, хIара ду дезаш долу хIума

    38:6
  7. مَا سَمِعْنَا بِهَٰذَا فِي الْمِلَّةِ الْآخِرَةِ إِنْ هَٰذَا إِلَّا اخْتِلَاقٌ

    Тхуна ца хезна оцунах тIаьхьарчу миллатехь. Иза шаьш кхоьллина хIума а бен дац”

    38:7

Гочдар: Магомед Магомедов