Сурат 38 Сад, аят 17 – 30

  1. اصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَاذْكُرْ عَبْدَنَا دَاوُودَ ذَا الْأَيْدِ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ

    Сатоха /ахь‚ хӀай Мухьаммад/ цара дуьйцучунна‚ дагавайта Тхан лай Давуд‚ шегахь ницкъ хилла волу. Баккъалла а, иза /Далла/ тӀевоьрзуш верг вара

    38:17
  2. إِنَّا سَخَّرْنَا الْجِبَالَ مَعَهُ يُسَبِّحْنَ بِالْعَشِيِّ وَالْإِشْرَاقِ

    Оха муьтӀахь дира /Давудана/ лаьмнаш цуьнца цхьана тасбахь деш суьйранца а‚ /малх/ дӀакхетарца а

    38:18
  3. وَالطَّيْرَ مَحْشُورَةً ۖ كُلٌّ لَهُ أَوَّابٌ

    Олхазарш а‚ гулдеш /тобанашкахь/ массо а Цунна тӀедоьрзу /муьтӀахь хиларца, тасбахь дарца/

    38:19
  4. وَشَدَدْنَا مُلْكَهُ وَآتَيْنَاهُ الْحِكْمَةَ وَفَصْلَ الْخِطَابِ

    Оха чӀагӀдира цуьнан паччахьалла‚ делира цунна хьекъалалла а‚ дов къастон хаар а

    38:20
  5. وَهَلْ أَتَاكَ نَبَأُ الْخَصْمِ إِذْ تَسَوَّرُوا الْمِحْرَابَ

    Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабе хьала ма бевлира

    38:21
  6. إِذْ دَخَلُوا عَلَىٰ دَاوُودَ فَفَزِعَ مِنْهُمْ ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ خَصْمَانِ بَغَىٰ بَعْضُنَا عَلَىٰ بَعْضٍ فَاحْكُمْ بَيْنَنَا بِالْحَقِّ وَلَا تُشْطِطْ وَاهْدِنَا إِلَىٰ سَوَاءِ الصِّرَاطِ

    Уьш Давуд волчу чоьхьа бевлира‚ иза царах кхеравелира. Цара элира: 'Ма кхера. Ши довхо ву /тхо/. Тхан цхьаберш вукхарна чугӀиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма ēлахь‚ нисде тхо нисчу новкъа

    38:22
  7. إِنَّ هَٰذَا أَخِي لَهُ تِسْعٌ وَتِسْعُونَ نَعْجَةً وَلِيَ نَعْجَةٌ وَاحِدَةٌ فَقَالَ أَكْفِلْنِيهَا وَعَزَّنِي فِي الْخِطَابِ

    ХӀара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаесна уьстагӀ бу‚ сан цхьа уьстагӀ бу. Цо аьлла: 'Суна кхачо е цуьнца'. Иза сол тоьлира довехь'

    38:23
  8. قَالَ لَقَدْ ظَلَمَكَ بِسُؤَالِ نَعْجَتِكَ إِلَىٰ نِعَاجِهِ ۖ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ الْخُلَطَاءِ لَيَبْغِي بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَقَلِيلٌ مَا هُمْ ۗ وَظَنَّ دَاوُودُ أَنَّمَا فَتَنَّاهُ فَاسْتَغْفَرَ رَبَّهُ وَخَرَّ رَاكِعًا وَأَنَابَ ۩

    Цо (Давуда) элира: 'Хьуна зулам дина цо хьан уьстагӀ бехарца шен уьстагӀий тӀе. Баккъалла а, цхьана гӀуллакх дечарах дукхачара вовшашна гамо йо‚ ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш еш берш а боцучара ма кӀеззиг бу уьш!' Давудана хиира Оха ша питне лаьцна хилар. ТӀаккха шен Кхиош-кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ горавоьжира иза‚ /Далла/ тӀевирзира иза

    38:24
  9. فَغَفَرْنَا لَهُ ذَٰلِكَ ۖ وَإِنَّ لَهُ عِنْدَنَا لَزُلْفَىٰ وَحُسْنَ مَآبٍ

    Оха цунна из гечдира. Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ хаза тӀетовжийла а ю

    38:25
  10. يَا دَاوُودُ إِنَّا جَعَلْنَاكَ خَلِيفَةً فِي الْأَرْضِ فَاحْكُمْ بَيْنَ النَّاسِ بِالْحَقِّ وَلَا تَتَّبِعِ الْهَوَىٰ فَيُضِلَّكَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَضِلُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ بِمَا نَسُوا يَوْمَ الْحِسَابِ

    ХӀай Давуд! Оха хилийтина хьох лаьттахь халип. Кхиэл е нахана юккъехь нийсонца‚ тӀаьхьа ма хӀотта дезаршна цара тилор ву хьо Делан некъах. Баккъалла а, Делан некъах тилалуш берш царна чӀогӀа Ӏазап ду цара хьесапан де дицдарна

    38:26
  11. وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا بَاطِلًا ۚ ذَٰلِكَ ظَنُّ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنَ النَّارِ

    Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а. Иза цатешачарна моттар ду. Бāла бу цатешачарна /жоьжахатин/ цӀергара

    38:27
  12. أَمْ نَجْعَلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ كَالْمُفْسِدِينَ فِي الْأَرْضِ أَمْ نَجْعَلُ الْمُتَّقِينَ كَالْفُجَّارِ

    Я Оха хуьлуьйту ийман диллинарш а, дика Ӏамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарах тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарах тера? /Хн-х, хуьлуьйтур бац/

    38:28
  13. كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ إِلَيْكَ مُبَارَكٌ لِيَدَّبَّرُوا آيَاتِهِ وَلِيَتَذَكَّرَ أُولُو الْأَلْبَابِ

    Жайна ду /хӀара/‚ Оха ша хьоьга доссийна‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойла яйта‚ хьекъал долчарна дагадайта

    38:29
  14. وَوَهَبْنَا لِدَاوُودَ سُلَيْمَانَ ۚ نِعْمَ الْعَبْدُ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ

    Оха велира Давудна Сулейман дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тӀе/ твоьрзуш верг ву /бадат дарехь/

    38:30

Гочдар: Магомед Магомедов