Сурат 38 Сад, аят 21 – 24

  1. وَهَلْ أَتَاكَ نَبَأُ الْخَصْمِ إِذْ تَسَوَّرُوا الْمِحْرَابَ

    Хьоьга деъний довхойн хабар? Уьш михьрабе хьала ма бевлира

    38:21
  2. إِذْ دَخَلُوا عَلَىٰ دَاوُودَ فَفَزِعَ مِنْهُمْ ۖ قَالُوا لَا تَخَفْ ۖ خَصْمَانِ بَغَىٰ بَعْضُنَا عَلَىٰ بَعْضٍ فَاحْكُمْ بَيْنَنَا بِالْحَقِّ وَلَا تُشْطِطْ وَاهْدِنَا إِلَىٰ سَوَاءِ الصِّرَاطِ

    Уьш Давуд волчу чоьхьа бевлира‚ иза царах кхеравелира. Цара элира: 'Ма кхера. Ши довхо ву /тхо/. Тхан цхьаберш вукхарна чугӀиртина. Кхиэл е тхуна юккъехь нийсонца‚ харцо ма ēлахь‚ нисде тхо нисчу новкъа

    38:22
  3. إِنَّ هَٰذَا أَخِي لَهُ تِسْعٌ وَتِسْعُونَ نَعْجَةً وَلِيَ نَعْجَةٌ وَاحِدَةٌ فَقَالَ أَكْفِلْنِيهَا وَعَزَّنِي فِي الْخِطَابِ

    ХӀара сан ваша ву‚ цуьнан дезткъе ткъаесна уьстагӀ бу‚ сан цхьа уьстагӀ бу. Цо аьлла: 'Суна кхачо е цуьнца'. Иза сол тоьлира довехь'

    38:23
  4. قَالَ لَقَدْ ظَلَمَكَ بِسُؤَالِ نَعْجَتِكَ إِلَىٰ نِعَاجِهِ ۖ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ الْخُلَطَاءِ لَيَبْغِي بَعْضُهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَقَلِيلٌ مَا هُمْ ۗ وَظَنَّ دَاوُودُ أَنَّمَا فَتَنَّاهُ فَاسْتَغْفَرَ رَبَّهُ وَخَرَّ رَاكِعًا وَأَنَابَ ۩

    Цо (Давуда) элира: 'Хьуна зулам дина цо хьан уьстагӀ бехарца шен уьстагӀий тӀе. Баккъалла а, цхьана гӀуллакх дечарах дукхачара вовшашна гамо йо‚ ийман диллинарш а‚ дика Ӏамалш еш берш а боцучара ма кӀеззиг бу уьш!' Давудана хиира Оха ша питне лаьцна хилар. ТӀаккха шен Кхиош-кхобучуьнга гечдар дийхира цо‚ горавоьжира иза‚ /Далла/ тӀевирзира иза

    38:24

Гочдар: Магомед Магомедов