Сурат 38 Сад, аят 27 – 40
-
وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا بَاطِلًا ۚ ذَٰلِكَ ظَنُّ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنَ النَّارِ
Оха эрна ца кхоьллина стигал а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а. Иза цатешачарна моттар ду. Бāла бу цатешачарна /жоьжахатин/ цӀергара
38:27 -
أَمْ نَجْعَلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ كَالْمُفْسِدِينَ فِي الْأَرْضِ أَمْ نَجْعَلُ الْمُتَّقِينَ كَالْفُجَّارِ
Я Оха хуьлуьйту ийман диллинарш а, дика Ӏамалш йинарш а лаьттахь боьхалелачарах тера? Я Оха хуьлуьйту /Делах/ кхоьруш берш къинош дечарах тера? /Хн-х, хуьлуьйтур бац/
38:28 -
كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ إِلَيْكَ مُبَارَكٌ لِيَدَّبَّرُوا آيَاتِهِ وَلِيَتَذَكَّرَ أُولُو الْأَلْبَابِ
Жайна ду /хӀара/‚ Оха ша хьоьга доссийна‚ беркате долуш‚ цаьрга цуьнан аятех ойла яйта‚ хьекъал долчарна дагадайта
38:29 -
وَوَهَبْنَا لِدَاوُودَ سُلَيْمَانَ ۚ نِعْمَ الْعَبْدُ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ
Оха велира Давудна Сулейман дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тӀе/ твоьрзуш верг ву /бадат дарехь/
38:30 -
إِذْ عُرِضَ عَلَيْهِ بِالْعَشِيِّ الصَّافِنَاتُ الْجِيَادُ
Цунна (Сулеймана) гайтира суьйранца барг туху /кха кога тӀехь хӀотталуш/ говраш
38:31 -
فَقَالَ إِنِّي أَحْبَبْتُ حُبَّ الْخَيْرِ عَنْ ذِكْرِ رَبِّي حَتَّىٰ تَوَارَتْ بِالْحِجَابِ
Цо элира: 'Баккъалла а, суна дукхадиза ниӀмат сан Кхиош-кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дӀахьулбаллалц
38:32 -
رُدُّوهَا عَلَيَّ ۖ فَطَفِقَ مَسْحًا بِالسُّوقِ وَالْأَعْنَاقِ
Схьаялаел уьш суна тӀе!' Волавелира иза /урс/ хьекха ностарех а‚ логех а
38:33 -
وَلَقَدْ فَتَنَّا سُلَيْمَانَ وَأَلْقَيْنَا عَلَىٰ كُرْسِيِّهِ جَسَدًا ثُمَّ أَنَابَ
Оха питне лецира Сулейман‚ цуьнан гӀанта тӀе цхьа дегӀ диллира Оха‚ тӀаккха иза /тōба дарца Тхуна/ тӀе вирзира
38:34 -
قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَهَبْ لِي مُلْكًا لَا يَنْبَغِي لِأَحَدٍ مِنْ بَعْدِي ۖ إِنَّكَ أَنْتَ الْوَهَّابُ
Цо элира: '/Везан/ Дела‚ гечдехь суна‚ ло суна паччахьалла, сол тӀаьхьа цхьанна хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх ттт луш верг'
38:35 -
فَسَخَّرْنَا لَهُ الرِّيحَ تَجْرِي بِأَمْرِهِ رُخَاءً حَيْثُ أَصَابَ
Оха муьтӀахь бира цунна мох‚ байа лелаш цуьнан омраца цунна луучу‚
38:36 -
وَالشَّيَاطِينَ كُلَّ بَنَّاءٍ وَغَوَّاصٍ
ШайтӀанаш а – массо а гӀишлоярхо а‚ хӀорда бухауьйдург а (маржанаш лоьхуш)‚
38:37 -
وَآخَرِينَ مُقَرَّنِينَ فِي الْأَصْفَادِ
Вуьйш а‚ дихкина долу буржолашкахь
38:38 -
هَٰذَا عَطَاؤُنَا فَامْنُنْ أَوْ أَمْسِكْ بِغَيْرِ حِسَابٍ
/Оха элира цуьнга/: 'ХӀара Тхан совгӀат ду. Дло /хьан совгтах рицкъ хьан дōлахь болчарах хьайна луучунна/ я /ца луш/ сацаде /хьайна луучунна/, цхьа а хьесап а доцуш.'
38:39 -
وَإِنَّ لَهُ عِنْدَنَا لَزُلْفَىٰ وَحُسْنَ مَآبٍ
Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ дика тӀетовжийла а ю
38:40
Гочдар: Магомед Магомедов