Сурат 38 Сад, аят 30 – 40
-
وَوَهَبْنَا لِدَاوُودَ سُلَيْمَانَ ۚ نِعْمَ الْعَبْدُ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ
Оха велира Давудна Сулейман дика лай. Баккъалла а, иза /Далла тIе/ твоьрзуш верг ву /бадат дарехь/
38:30 -
إِذْ عُرِضَ عَلَيْهِ بِالْعَشِيِّ الصَّافِنَاتُ الْجِيَادُ
Цунна (Сулеймана) гайтира суьйранца барг туху /кха кога тIехь хIотталуш/ говраш
38:31 -
فَقَالَ إِنِّي أَحْبَبْتُ حُبَّ الْخَيْرِ عَنْ ذِكْرِ رَبِّي حَتَّىٰ تَوَارَتْ بِالْحِجَابِ
Цо элира: 'Баккъалла а, суна дукхадиза ниIмат сан Кхиош-кхобург хьехорал кирхьаца /малх/ дIахьулбаллалц
38:32 -
رُدُّوهَا عَلَيَّ ۖ فَطَفِقَ مَسْحًا بِالسُّوقِ وَالْأَعْنَاقِ
Схьаялаел уьш суна тIе!' Волавелира иза /урс/ хьекха ностарех а‚ логех а
38:33 -
وَلَقَدْ فَتَنَّا سُلَيْمَانَ وَأَلْقَيْنَا عَلَىٰ كُرْسِيِّهِ جَسَدًا ثُمَّ أَنَابَ
Оха питне лецира Сулейман‚ цуьнан гIанта тIе цхьа дегI диллира Оха‚ тIаккха иза /тōба дарца Тхуна/ тIе вирзира
38:34 -
قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَهَبْ لِي مُلْكًا لَا يَنْبَغِي لِأَحَدٍ مِنْ بَعْدِي ۖ إِنَّكَ أَنْتَ الْوَهَّابُ
Цо элира: '/Везан/ Дела‚ гечдехь суна‚ ло суна паччахьалла, сол тIаьхьа цхьанна хир доцчу тайпана. Баккъалла а, хьо ву-кх ттт луш верг'
38:35 -
فَسَخَّرْنَا لَهُ الرِّيحَ تَجْرِي بِأَمْرِهِ رُخَاءً حَيْثُ أَصَابَ
Оха муьтIахь бира цунна мох‚ байа лелаш цуьнан омраца цунна луучу‚
38:36 -
وَالشَّيَاطِينَ كُلَّ بَنَّاءٍ وَغَوَّاصٍ
ШайтIанаш а – массо а гIишлоярхо а‚ хIорда бухауьйдург а (маржанаш лоьхуш)‚
38:37 -
وَآخَرِينَ مُقَرَّنِينَ فِي الْأَصْفَادِ
Вуьйш а‚ дихкина долу буржолашкахь
38:38 -
هَٰذَا عَطَاؤُنَا فَامْنُنْ أَوْ أَمْسِكْ بِغَيْرِ حِسَابٍ
/Оха элира цуьнга/: 'ХIара Тхан совгIат ду. Дло /хьан совгтах рицкъ хьан дōлахь болчарах хьайна луучунна/ я /ца луш/ сацаде /хьайна луучунна/, цхьа а хьесап а доцуш.'
38:39 -
وَإِنَّ لَهُ عِنْدَنَا لَزُلْفَىٰ وَحُسْنَ مَآبٍ
Баккъалла а, цунна Тхоьгахь гергарло а ю‚ дика тIетовжийла а ю
38:40
Гочдар: Магомед Магомедов