Сурат 38 Сад, аят 41 – 64
-
وَاذْكُرْ عَبْدَنَا أَيُّوبَ إِذْ نَادَىٰ رَبَّهُ أَنِّي مَسَّنِيَ الشَّيْطَانُ بِنُصْبٍ وَعَذَابٍ
Дагавайта Тхан лай Аюб‚ цо кхийкхира шен Кхиош-кхобучуьнга: 'Баккъалла а, со схьалаьцна шайтӀано халонца а‚ Ӏазапаца а'
38:41 -
ارْكُضْ بِرِجْلِكَ ۖ هَٰذَا مُغْتَسَلٌ بَارِدٌ وَشَرَابٌ
/Элира цуьнга/: 'Тоха хьан когаца! ХӀара шийла лийчар а ду‚ малар а ду'
38:42 -
وَوَهَبْنَا لَهُ أَهْلَهُ وَمِثْلَهُمْ مَعَهُمْ رَحْمَةً مِنَّا وَذِكْرَىٰ لِأُولِي الْأَلْبَابِ
Оха дбелира цунна шен доьзал а‚ кхин царал а цаьрца цхьана Тхоьгара къинхетам а хилла‚ хьекъал долчарна хьехам а хилла
38:43 -
وَخُذْ بِيَدِكَ ضِغْثًا فَاضْرِبْ بِهِ وَلَا تَحْنَثْ ۗ إِنَّا وَجَدْنَاهُ صَابِرًا ۚ نِعْمَ الْعَبْدُ ۖ إِنَّهُ أَوَّابٌ
/Оха элира цуьнга/: 'Схьаэца хьан куьйга цӀов‚ цуьнца тоха‚ хьан дуй къера ма хилийта!' Баккъалла а, Тхуна иза карийра собаре. Дика лай ву. Баккъалла а, иза /Далла тӀе/ воьрзуш верг ву
38:44 -
وَاذْكُرْ عِبَادَنَا إِبْرَاهِيمَ وَإِسْحَاقَ وَيَعْقُوبَ أُولِي الْأَيْدِي وَالْأَبْصَارِ
Дагабайта Тхан леш ИбрахӀим‚ Исхьакъ‚ ЯӀкъуб‚ шайгахь ницкъ хилла болу /Далла Ӏибадат дарехь/‚ тидамалла а хилла болу /дин кхочушдарехь/
38:45 -
إِنَّا أَخْلَصْنَاهُمْ بِخَالِصَةٍ ذِكْرَى الدَّارِ
Оха цӀанбира уьш цӀенчу Ӏалашонна /эхартан/ цӀа дагадайтан
38:46 -
وَإِنَّهُمْ عِنْدَنَا لَمِنَ الْمُصْطَفَيْنَ الْأَخْيَارِ
Баккъалла а, уьш Тхан гергахь хаьржинчарах‚ дикачарах бу
38:47 -
وَاذْكُرْ إِسْمَاعِيلَ وَالْيَسَعَ وَذَا الْكِفْلِ ۖ وَكُلٌّ مِنَ الْأَخْيَارِ
Дагабайта (хьахабе) ИсмаӀил а‚ АльясаӀ а‚ Зуль-Кифл а берриге а дикачарах бу
38:48 -
هَٰذَا ذِكْرٌ ۚ وَإِنَّ لِلْمُتَّقِينَ لَحُسْنَ مَآبٍ
ХӀара хьехам бу. Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна дика тӀевоьрзийла ю
38:49 -
جَنَّاتِ عَدْنٍ مُفَتَّحَةً لَهُمُ الْأَبْوَابُ
Ӏаднан бошмаш ю царна‚ /шайн/ неӀарш дӀаеллина йолу
38:50 -
مُتَّكِئِينَ فِيهَا يَدْعُونَ فِيهَا بِفَاكِهَةٍ كَثِيرَةٍ وَشَرَابٍ
Тевжина лаьтташ /хир бу уьш/ цигахь‚ цара схьабоьхуш (царна ткхоьхьуш) цу чохь дуккха стоьмаш а‚ малар а /хир ду/
38:51 -
وَعِنْدَهُمْ قَاصِرَاتُ الطَّرْفِ أَتْرَابٌ
Царна бу бӀаьргаш гатта болу‚ цхьана хеннара болу /мехкарий/
38:52 -
هَٰذَا مَا تُوعَدُونَ لِيَوْمِ الْحِسَابِ
ХӀара ду-кх шуна /дуьненахь долуш/ хир ду аьлларг хьесапан денна
38:53 -
إِنَّ هَٰذَا لَرِزْقُنَا مَا لَهُ مِنْ نَفَادٍ
Баккъалла а, хӀара Тхан рицкъ ду‚ цунна кхачадалар дац
38:54 -
هَٰذَا ۚ وَإِنَّ لِلطَّاغِينَ لَشَرَّ مَآبٍ
ХӀара! Баккъалла а, /Делан/ дозанах бевлинчарна вон тӀевоьрзийла ю-кх!
38:55 -
جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا فَبِئْسَ الْمِهَادُ
Жоьжахати цу чохь бегар бу уьш ма вон /дӀавуьжу/ мотт бу-кх /иза/
38:56 -
هَٰذَا فَلْيَذُوقُوهُ حَمِيمٌ وَغَسَّاقٌ
ХӀара /Ӏазап/ Ӏовшийла цара‚ и ду лелина хи а‚ нотӀкъа а
38:57 -
وَآخَرُ مِنْ شَكْلِهِ أَزْوَاجٌ
Кхин а‚ цуьнан кепара‚ тайп-тайпана /Ӏазапаш хир ду царна/
38:58 -
هَٰذَا فَوْجٌ مُقْتَحِمٌ مَعَكُمْ ۖ لَا مَرْحَبًا بِهِمْ ۚ إِنَّهُمْ صَالُو النَّارِ
ХӀара толгӀе ю шуьца цхьана /жоьжахатина/ чу йоьдуш. 'Марша догӀийла' дац царна. Баккъалла а, уьш цӀаргахь бегар бу-кх (баьгга чекх ца бовлуш)
38:59 -
قَالُوا بَلْ أَنْتُمْ لَا مَرْحَبًا بِكُمْ ۖ أَنْتُمْ قَدَّمْتُمُوهُ لَنَا ۖ فَبِئْسَ الْقَرَارُ
Цара элира: 'ХӀаъ‚ шуна 'марша догӀийла' дац-кх. Аш хьалхадаьккхина тхуна хӀара. Ма вон чӀагӀо ю-кх!'
38:60 -
قَالُوا رَبَّنَا مَنْ قَدَّمَ لَنَا هَٰذَا فَزِدْهُ عَذَابًا ضِعْفًا فِي النَّارِ
Цара элира: 'Везан Дела‚ хӀара тхуна хьалхадаьккхинчунна тӀетохалахь Ӏазап шозза цӀаргахь'
38:61 -
وَقَالُوا مَا لَنَا لَا نَرَىٰ رِجَالًا كُنَّا نَعُدُّهُمْ مِنَ الْأَشْرَارِ
Цара элира: 'Вайна хӀун хилла ца ган божарий‚ вай шаьш вочарах лоруш хилла болу /дуьненахь/?
38:62 -
أَتَّخَذْنَاهُمْ سِخْرِيًّا أَمْ زَاغَتْ عَنْهُمُ الْأَبْصَارُ
Вай ца дешаш дара царах‚ я /вайн/ бӀаьрг царах дӀатили?'
38:63 -
إِنَّ ذَٰلِكَ لَحَقٌّ تَخَاصُمُ أَهْلِ النَّارِ
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъ ду жоьжахатин дайша вовшашца къийсар
38:64
Гочдар: Магомед Магомедов