Сурат 38 Сад, аят 65 – 88
-
قُلْ إِنَّمَا أَنَا مُنْذِرٌ ۖ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا اللَّهُ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
Ахь āла: 'Баккъалла а, со кхерамча ву. Ма вац цхьа а дела Ша веккъа Цхьаъ волу‚ тх нуьцкъала волу АллахӀ бен
38:65 -
رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الْعَزِيزُ الْغَفَّارُ
Ша стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун Да волу‚ Ша веза волу‚ тх гечдеш волу'
38:66 -
قُلْ هُوَ نَبَأٌ عَظِيمٌ
Ахь āла: 'Иза сийлахь доккха хабар ду
38:67 -
أَنْتُمْ عَنْهُ مُعْرِضُونَ
Шу цунах дӀадоьрзуш ду
38:68 -
مَا كَانَ لِيَ مِنْ عِلْمٍ بِالْمَلَإِ الْأَعْلَىٰ إِذْ يَخْتَصِمُونَ
Суна ца хили лаккхарчу элих (Далла гергахь долу маликех) лаьцна хаар, уьш къуьйсуш болуш./Āдаман хьокъехь/
38:69 -
إِنْ يُوحَىٰ إِلَيَّ إِلَّا أَنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Суна вехьеца хаийтина со билгала кхерамча вуйла'
38:70 -
إِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي خَالِقٌ بَشَرًا مِنْ طِينٍ
Дагадаийта! Хьан Кхиош-кхобучо аьллера маликашка: 'Баккъалла а, Со кхолла воллу адам поппарх
38:71 -
فَإِذَا سَوَّيْتُهُ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِنْ رُوحِي فَقَعُوا لَهُ سَاجِدِينَ
Ас иза нисвича‚ цу чу Сан сих са а диллича, цунна /сий деш/ суждане гӀолаш'
38:72 -
فَسَجَدَ الْمَلَائِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ
Сужуд дира маликаша массара а
38:73 -
إِلَّا إِبْلِيسَ اسْتَكْبَرَ وَكَانَ مِنَ الْكَافِرِينَ
/Цхьа/Иблис юкъарадолуш цо куралла йира‚ и хилира керстанех
38:74 -
قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا مَنَعَكَ أَنْ تَسْجُدَ لِمَا خَلَقْتُ بِيَدَيَّ ۖ أَسْتَكْبَرْتَ أَمْ كُنْتَ مِنَ الْعَالِينَ
Цо (Дала) элира: 'ХӀай иблис‚ стено дуьхьало йина хьуна сужуд дан Ас кхоьллинчунна Сан куьйгашца? Курадаьлла хьо‚ я хьо хилла хьаладала гӀертачарах'
38:75 -
قَالَ أَنَا خَيْرٌ مِنْهُ ۖ خَلَقْتَنِي مِنْ نَارٍ وَخَلَقْتَهُ مِنْ طِينٍ
Цо элира: 'Со цул (Āдамал) дика ду. Со кхоьллина Ахь цӀарах‚ и кхоьллина Ахь топпарх'
38:76 -
قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ
Цо (Дала) элира: 'Арадала цу /ялсамане/ чуьра. Баккъалла а, хьо неӀалт аьлла /массо а диканах/ хадийнарг ду
38:77 -
وَإِنَّ عَلَيْكَ لَعْنَتِي إِلَىٰ يَوْمِ الدِّينِ
Баккъалла а, хьуна Сан неӀалт ду бекхаман де далц'
38:78 -
قَالَ رَبِّ فَأَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ
Цо (иблисо) элира: 'Везан Дела‚ хан яхъехь сан уьш (адамаш) юхаденбен де ткхаччалц'. ('Къематде далц ца долуьйтуш дитахь со')
38:79 -
قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ
Цо элира: 'Баккъалла а, хан яхъйиначарах ду-кх хьо!
38:80 -
إِلَىٰ يَوْمِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ
Билглчу хенан де ткхаччалц'. ('Къематде далц лийр дац хьо).'
38:81 -
قَالَ فَبِعِزَّتِكَ لَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ
Цо элира: 'Хьан возаллах дуй боу ас: ас тиланне а тилор ма бу уьш берриге а,
38:82 -
إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ
Царах Хьан сов цӀена леш боцурш'
38:83 -
قَالَ فَالْحَقُّ وَالْحَقَّ أَقُولُ
Цо элира: 'Баккъалла а, хьакъ-бакъ Ас олу:
38:84 -
لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنْكَ وَمِمَّنْ تَبِعَكَ مِنْهُمْ أَجْمَعِينَ
Юзанне а Ас юзор ма ю жоьжахати хьох а‚ хьуна тӀаьхьа мел хӀоьттинчух а – царах массарах а'
38:85 -
قُلْ مَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُتَكَلِّفِينَ
Ахь āла: 'Ас цу тӀехь цхьа а мах ца боьху‚ со сайна тӀедиллинчарах а вац'
38:86 -
إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِلْعَالَمِينَ
Иза (Къуръан) беккъа Ӏаламашна хьехам бу
38:87 -
وَلَتَعْلَمُنَّ نَبَأَهُ بَعْدَ حِينٍ
Шуна хаанне а хуур ду оцунан хабар цхьа хан яьлча
38:88
Гочдар: Магомед Магомедов