Сурат 3 Аль-Ӏимран (Ӏимранан доьзал), аят 102 – 109

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ حَقَّ تُقَاتِهِ وَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ

    ХӀай ийман диллинарш‚ кхера Делах хакъ-бакъ кхерарца‚ шу дала ма лойла Цунна муьтӀахь долуш бен

    3:102
  2. وَاعْتَصِمُوا بِحَبْلِ اللَّهِ جَمِيعًا وَلَا تَفَرَّقُوا ۚ وَاذْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ كُنْتُمْ أَعْدَاءً فَأَلَّفَ بَيْنَ قُلُوبِكُمْ فَأَصْبَحْتُمْ بِنِعْمَتِهِ إِخْوَانًا وَكُنْتُمْ عَلَىٰ شَفَا حُفْرَةٍ مِنَ النَّارِ فَأَنْقَذَكُمْ مِنْهَا ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    ЧӀагӀло Делан муьшца массо а. Шу декъа ма ло. Дагадаийта шайна хилла Делан ниӀмат: шу ма дара мостагӀий – шун дегнаш кӀаддийра Цо‚ шух хилира Цуьнан ниӀматца вежарий. Шу ма дара цӀеран ора йисттехь – Цо шу цунах кӀелхьарадехира. Иштта билгалдо Дала шуна Шен аяташ – шу нисдала тарлора

    3:103
  3. وَلْتَكُنْ مِنْكُمْ أُمَّةٌ يَدْعُونَ إِلَى الْخَيْرِ وَيَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Шух хуьлийла уммат‚ ша дикане кхойкхуш‚ диканиг хьоьхуш‚ вочух /нах/ духатухуш. Уьш бу баккхийбийр берш

    3:104
  4. وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ تَفَرَّقُوا وَاخْتَلَفُوا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْبَيِّنَاتُ ۚ وَأُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Шу ма хилалаш шайга билгалонаш еъначул тӀаьхьа бекъабеллачарех а‚ шайн барт цахиллачарех а тера. Царна – деза-доккха Ӏазап ду

    3:105
  5. يَوْمَ تَبْيَضُّ وُجُوهٌ وَتَسْوَدُّ وُجُوهٌ ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ اسْوَدَّتْ وُجُوهُهُمْ أَكَفَرْتُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь /Далла муьтхь хиллачу муъмин нехан/ яххьаш кӀайлур ю‚ /Далла инкарло йинчу керста нехан/ яххьаш Ӏаржлур ю. Амма шайн яххьаш Ӏаржъелларш /кхуьссур бу жоьжахати чу‚ цаьрга хоттур ду/: 'Ткъа шу ца тийши шайга ийман /ийманан ламаташ/ деъначул тӀаьхьа а? Ӏовша Ӏазап, шаьш ца тешаш хиларна!'

    3:106
  6. وَأَمَّا الَّذِينَ ابْيَضَّتْ وُجُوهُهُمْ فَفِي رَحْمَةِ اللَّهِ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Ткъа шайн яххьаш кӀайъелларш – Делан къинхетамна чохь (ялсаманехь) хир бу. Уьш цу чохь гуттар лаьттар бу

    3:107
  7. تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۗ وَمَا اللَّهُ يُرِيدُ ظُلْمًا لِلْعَالَمِينَ

    Уьш Делан аяташ ду, Оха дуьйцу хьуна уьш бакъдолчуьнца. И Дела ма вац зулам лууш Ӏаламна (ша кхоьллинчу цхьанна хӀуманна)

    3:108
  8. وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Делан долахь ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Деле дӀадоьрзу гӀуллакхаш

    3:109

Гочдар: Магомед Магомедов