Сурат 3 Аль-Iимран (Iимранан доьзал), аят 106
-
يَوْمَ تَبْيَضُّ وُجُوهٌ وَتَسْوَدُّ وُجُوهٌ ۚ فَأَمَّا الَّذِينَ اسْوَدَّتْ وُجُوهُهُمْ أَكَفَرْتُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ
Оцу /къемат/дийнахь /Далла муьтхь хиллачу муъмин нехан/ яххьаш кIайлур ю‚ /Далла инкарло йинчу керста нехан/ яххьаш Iаржлур ю. Амма шайн яххьаш Iаржъелларш /кхуьссур бу жоьжахати чу‚ цаьрга хоттур ду/: 'Ткъа шу ца тийши шайга ийман /ийманан ламаташ/ деъначул тIаьхьа а? Iовша Iазап, шаьш ца тешаш хиларна!'
3:106
Гочдар: Магомед Магомедов