Сурат 40 ГIафир (Гечдархо)

  1. حم

    Хьа-мūм

    40:1
  2. تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ

    Жайна охьадоссор /ду хIара/ Ша веза волчу‚ хууш волчу Делера,

    40:2
  3. غَافِرِ الذَّنْبِ وَقَابِلِ التَّوْبِ شَدِيدِ الْعِقَابِ ذِي الطَّوْلِ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ إِلَيْهِ الْمَصِيرُ

    Ша къа гечдийриг волчу‚ ша тōба къобалдийриг волчу‚ бекхамехь чIогIа волчу, комаьршалла Шегахь йолчу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду дIадерзар

    40:3
  4. مَا يُجَادِلُ فِي آيَاتِ اللَّهِ إِلَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَلَا يَغْرُرْكَ تَقَلُّبُهُمْ فِي الْبِلَادِ

    Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ цатешначара бен‚ хьо Iеха ма войла церан махкахь /кура/ дIасхьаийдаро

    40:4
  5. كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَالْأَحْزَابُ مِنْ بَعْدِهِمْ ۖ وَهَمَّتْ كُلُّ أُمَّةٍ بِرَسُولِهِمْ لِيَأْخُذُوهُ ۖ وَجَادَلُوا بِالْبَاطِلِ لِيُدْحِضُوا بِهِ الْحَقَّ فَأَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ

    Харцдира /Делан цIен дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ царал тIаьхьа тобанаша а. Ойла еш дара хIор уммат шен элчанех иза /бохам барца/ схьалацан. Цара къийсийра харцдолчуьнца цуьнца бакъдерг дайа гIерташ Ас схьалецира уьш /хIаллакбарца/. Муха хили Сан таIзар!

    40:5
  6. وَكَذَٰلِكَ حَقَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّهُمْ أَصْحَابُ النَّارِ

    Иштта бакъхилира хьан Кхиош-кхобучун дош цатешначарна тIехь‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ аьлла долу

    40:6
  7. الَّذِينَ يَحْمِلُونَ الْعَرْشَ وَمَنْ حَوْلَهُ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَيُؤْمِنُونَ بِهِ وَيَسْتَغْفِرُونَ لِلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا وَسِعْتَ كُلَّ شَيْءٍ رَحْمَةً وَعِلْمًا فَاغْفِرْ لِلَّذِينَ تَابُوا وَاتَّبَعُوا سَبِيلَكَ وَقِهِمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ

    Шаьш Iарш лелош берш а, цунна гонахь берш а тасбахь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-кхобучунна‚ тешаш бу Цуьнах‚ гечдар доьхуш бу ийман диллинчарна: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ массо а хIуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Iилманца а‚ Ахь гечделахь тōба диначарна а‚ Хьан некъана тIаьхьахIоьттинчарна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Iазапах

    40:7
  8. رَبَّنَا وَأَدْخِلْهُمْ جَنَّاتِ عَدْنٍ الَّتِي وَعَدْتَهُمْ وَمَنْ صَلَحَ مِنْ آبَائِهِمْ وَأَزْوَاجِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Тхан Кхиош-кхобург‚ Iаднан/ялсаманин/ бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахь царна ваIда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал мел йинарг а. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а

    40:8
  9. وَقِهِمُ السَّيِّئَاتِ ۚ وَمَنْ تَقِ السَّيِّئَاتِ يَوْمَئِذٍ فَقَدْ رَحِمْتَهُ ۚ وَذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Ахь ларбелахь уьш вочух (къинош бахьанехь дечу запах). Ахь ша вочух ларвийнарг оцу дийнахь Ахь къинхетам бина цунах. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам'

    40:9
  10. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يُنَادَوْنَ لَمَقْتُ اللَّهِ أَكْبَرُ مِنْ مَقْتِكُمْ أَنْفُسَكُمْ إِذْ تُدْعَوْنَ إِلَى الْإِيمَانِ فَتَكْفُرُونَ

    Баккъалла а, цатешначаьрга кхойкхур ма ду: 'Делан цабезам мелхо а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура иймане аш керстадора'

    40:10
  11. قَالُوا رَبَّنَا أَمَتَّنَا اثْنَتَيْنِ وَأَحْيَيْتَنَا اثْنَتَيْنِ فَاعْتَرَفْنَا بِذُنُوبِنَا فَهَلْ إِلَىٰ خُرُوجٍ مِنْ سَبِيلٍ

    Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь далийтира тхо шозза‚ Ахь ден а дира тхо шозза‚ тхо къера хилла тхан къиношна. Арадовла цхьа а некъ буй?'

    40:11
  12. ذَٰلِكُمْ بِأَنَّهُ إِذَا دُعِيَ اللَّهُ وَحْدَهُ كَفَرْتُمْ ۖ وَإِنْ يُشْرَكْ بِهِ تُؤْمِنُوا ۚ فَالْحُكْمُ لِلَّهِ الْعَلِيِّ الْكَبِيرِ

    Иза (Iазап ду шуна) веккъа цхьана Деле кхайкхича, аш и керстадарна‚ Цуьнца накъост лоцуш хилча, шу тешарна. Хьукам /хIинца/ лекха-воккха волчу Делан ду

    40:12
  13. هُوَ الَّذِي يُرِيكُمْ آيَاتِهِ وَيُنَزِّلُ لَكُمْ مِنَ السَّمَاءِ رِزْقًا ۚ وَمَا يَتَذَكَّرُ إِلَّا مَنْ يُنِيبُ

    Иза ву гойтуш шуьга Шен аяташ‚ Цо охьадоссадо шуна стиглара рицкъ. Ойла ца йо-кх ша /Далла/ твоьрзуш волчо а бен

    40:13
  14. فَادْعُوا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ

    Кхайкха Деле шаьш Цунна дог цна хуьлуш /дечу/ бадатехь, и керстанашна /мел/ ца дезахь а

    40:14
  15. رَفِيعُ الدَّرَجَاتِ ذُو الْعَرْشِ يُلْقِي الرُّوحَ مِنْ أَمْرِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ لِيُنْذِرَ يَوْمَ التَّلَاقِ

    Даржаш хьалайохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Iарш йолуш‚ Са дохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьанакхетар хиндолчу денца

    40:15
  16. يَوْمَ هُمْ بَارِزُونَ ۖ لَا يَخْفَىٰ عَلَى اللَّهِ مِنْهُمْ شَيْءٌ ۚ لِمَنِ الْمُلْكُ الْيَوْمَ ۖ لِلَّهِ الْوَاحِدِ الْقَهَّارِ

    Оцу дийнахь уьш гучубовлур бу /арабовлур бу шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Далла царах долчух хIумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана? Ша цхьаъ волчу‚ тIех нуьцкъала волчу Делан ду-кх!

    40:16
  17. الْيَوْمَ تُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ ۚ لَا ظُلْمَ الْيَوْمَ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Тахана бекхам бийр бу хIор синна ша /дуьненахь/ карадинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиханиг ву хьесап дарехь

    40:17
  18. وَأَنْذِرْهُمْ يَوْمَ الْآزِفَةِ إِذِ الْقُلُوبُ لَدَى الْحَنَاجِرِ كَاظِمِينَ ۚ مَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ حَمِيمٍ وَلَا شَفِيعٍ يُطَاعُ

    Кхерам таса царна гергадогIур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна цхьа а доттага, цхьа а гдоккхург а, шена /уьш/ муьтIахь а болуш

    40:18
  19. يَعْلَمُ خَائِنَةَ الْأَعْيُنِ وَمَا تُخْفِي الصُّدُورُ

    Хаьа Цунна бIаьргийн тешнабехк а /хьарам хIумане хьоьжуш/‚ дегнаша хьулдийриг а

    40:19
  20. وَاللَّهُ يَقْضِي بِالْحَقِّ ۖ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ لَا يَقْضُونَ بِشَيْءٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ

    Дала кхиэл йо бакъдолчуьнца. Иза а витина, цара шайга кхойкхуш болчара кхиэл ца йо цхьанна хIуманца. Баккъалла а, Дела Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а

    40:20

Гочдар: Магомед Магомедов