Сурат 40 ГIафир (Гечдархо)

  1. وَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ فَأَيَّ آيَاتِ اللَّهِ تُنْكِرُونَ

    Цо гойту шуна Шен аяташ. Делан муьлхачу аятана аш инкарло йо?

    40:81
  2. أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوا أَكْثَرَ مِنْهُمْ وَأَشَدَّ قُوَّةً وَآثَارًا فِي الْأَرْضِ فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тIаьхье? Уьш ма бара вуно царал дукха ницкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а вуно чIогIа а кIелхьар ма ца бехира уьш цара /дуьненахь/ карадеш хиллачо

    40:82
  3. فَلَمَّا جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَرِحُوا بِمَا عِنْدَهُمْ مِنَ الْعِلْمِ وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхийбийдира уьш шайгахь долчу /дуьненан/ Iилманца‚ царах хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг

    40:83
  4. فَلَمَّا رَأَوْا بَأْسَنَا قَالُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَحْدَهُ وَكَفَرْنَا بِمَا كُنَّا بِهِ مُشْرِكِينَ

    Шайна Тхан ницкъ гича‚ цара элира: 'Оха ийман дилли веккъа цхьана Деле‚ Оха керстадина тхаш Цуьнца накъост лоцуш хилларг'

    40:84
  5. فَلَمْ يَكُ يَنْفَعُهُمْ إِيمَانُهُمْ لَمَّا رَأَوْا بَأْسَنَا ۖ سُنَّتَ اللَّهِ الَّتِي قَدْ خَلَتْ فِي عِبَادِهِ ۖ وَخَسِرَ هُنَالِكَ الْكَافِرُونَ

    Ца хилира царна пайдехь церан ийман Тхан ницкъ беъначул тIаьхьа. Делан Iадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхдаьлла долу. Ийшира кхузахь керстанаш

    40:85

Гочдар: Магомед Магомедов