Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 1 – 9
-
حم
Хьа-мūм
40:1 -
تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
Жайна охьадоссор /ду хӀара/ Ша веза волчу‚ хууш волчу Делера,
40:2 -
غَافِرِ الذَّنْبِ وَقَابِلِ التَّوْبِ شَدِيدِ الْعِقَابِ ذِي الطَّوْلِ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ إِلَيْهِ الْمَصِيرُ
Ша къа гечдийриг волчу‚ ша тōба къобалдийриг волчу‚ бекхамехь чӀогӀа волчу, комаьршалла Шегахь йолчу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду дӀадерзар
40:3 -
مَا يُجَادِلُ فِي آيَاتِ اللَّهِ إِلَّا الَّذِينَ كَفَرُوا فَلَا يَغْرُرْكَ تَقَلُّبُهُمْ فِي الْبِلَادِ
Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ цатешначара бен‚ хьо Ӏеха ма войла церан махкахь /кура/ дӀасхьаийдаро
40:4 -
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَالْأَحْزَابُ مِنْ بَعْدِهِمْ ۖ وَهَمَّتْ كُلُّ أُمَّةٍ بِرَسُولِهِمْ لِيَأْخُذُوهُ ۖ وَجَادَلُوا بِالْبَاطِلِ لِيُدْحِضُوا بِهِ الْحَقَّ فَأَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ
Харцдира /Делан цӀен дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ царал тӀаьхьа тобанаша а. Ойла еш дара хӀор уммат шен элчанех иза /бохам барца/ схьалацан. Цара къийсийра харцдолчуьнца цуьнца бакъдерг дайа гӀерташ Ас схьалецира уьш /хӀаллакбарца/. Муха хили Сан таӀзар!
40:5 -
وَكَذَٰلِكَ حَقَّتْ كَلِمَتُ رَبِّكَ عَلَى الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّهُمْ أَصْحَابُ النَّارِ
Иштта бакъхилира хьан Кхиош-кхобучун дош цатешначарна тӀехь‚ уьш /жоьжахатин/ цӀеран дай бу‚ аьлла долу
40:6 -
الَّذِينَ يَحْمِلُونَ الْعَرْشَ وَمَنْ حَوْلَهُ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَيُؤْمِنُونَ بِهِ وَيَسْتَغْفِرُونَ لِلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا وَسِعْتَ كُلَّ شَيْءٍ رَحْمَةً وَعِلْمًا فَاغْفِرْ لِلَّذِينَ تَابُوا وَاتَّبَعُوا سَبِيلَكَ وَقِهِمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ
Шаьш Ӏарш лелош берш а, цунна гонахь берш а тасбахь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-кхобучунна‚ тешаш бу Цуьнах‚ гечдар доьхуш бу ийман диллинчарна: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ массо а хӀуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Ӏилманца а‚ Ахь гечделахь тōба диначарна а‚ Хьан некъана тӀаьхьахӀоьттинчарна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Ӏазапах
40:7 -
رَبَّنَا وَأَدْخِلْهُمْ جَنَّاتِ عَدْنٍ الَّتِي وَعَدْتَهُمْ وَمَنْ صَلَحَ مِنْ آبَائِهِمْ وَأَزْوَاجِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Тхан Кхиош-кхобург‚ Ӏаднан/ялсаманин/ бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахь царна ваӀда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Ӏамал мел йинарг а. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
40:8 -
وَقِهِمُ السَّيِّئَاتِ ۚ وَمَنْ تَقِ السَّيِّئَاتِ يَوْمَئِذٍ فَقَدْ رَحِمْتَهُ ۚ وَذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Ахь ларбелахь уьш вочух (къинош бахьанехь дечу запах). Ахь ша вочух ларвийнарг оцу дийнахь Ахь къинхетам бина цунах. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам'
40:9
Гочдар: Магомед Магомедов