Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 10 – 20

  1. إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يُنَادَوْنَ لَمَقْتُ اللَّهِ أَكْبَرُ مِنْ مَقْتِكُمْ أَنْفُسَكُمْ إِذْ تُدْعَوْنَ إِلَى الْإِيمَانِ فَتَكْفُرُونَ

    Баккъалла а, цатешначаьрга кхойкхур ма ду: 'Делан цабезам мелхо а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура иймане аш керстадора'

    40:10
  2. قَالُوا رَبَّنَا أَمَتَّنَا اثْنَتَيْنِ وَأَحْيَيْتَنَا اثْنَتَيْنِ فَاعْتَرَفْنَا بِذُنُوبِنَا فَهَلْ إِلَىٰ خُرُوجٍ مِنْ سَبِيلٍ

    Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь далийтира тхо шозза‚ Ахь ден а дира тхо шозза‚ тхо къера хилла тхан къиношна. Арадовла цхьа а некъ буй?'

    40:11
  3. ذَٰلِكُمْ بِأَنَّهُ إِذَا دُعِيَ اللَّهُ وَحْدَهُ كَفَرْتُمْ ۖ وَإِنْ يُشْرَكْ بِهِ تُؤْمِنُوا ۚ فَالْحُكْمُ لِلَّهِ الْعَلِيِّ الْكَبِيرِ

    Иза (Ӏазап ду шуна) веккъа цхьана Деле кхайкхича, аш и керстадарна‚ Цуьнца накъост лоцуш хилча, шу тешарна. Хьукам /хӀинца/ лекха-воккха волчу Делан ду

    40:12
  4. هُوَ الَّذِي يُرِيكُمْ آيَاتِهِ وَيُنَزِّلُ لَكُمْ مِنَ السَّمَاءِ رِزْقًا ۚ وَمَا يَتَذَكَّرُ إِلَّا مَنْ يُنِيبُ

    Иза ву гойтуш шуьга Шен аяташ‚ Цо охьадоссадо шуна стиглара рицкъ. Ойла ца йо-кх ша /Далла/ твоьрзуш волчо а бен

    40:13
  5. فَادْعُوا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ

    Кхайкха Деле шаьш Цунна дог цна хуьлуш /дечу/ бадатехь, и керстанашна /мел/ ца дезахь а

    40:14
  6. رَفِيعُ الدَّرَجَاتِ ذُو الْعَرْشِ يُلْقِي الرُّوحَ مِنْ أَمْرِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ لِيُنْذِرَ يَوْمَ التَّلَاقِ

    Даржаш хьалайохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Ӏарш йолуш‚ Са дохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьанакхетар хиндолчу денца

    40:15
  7. يَوْمَ هُمْ بَارِزُونَ ۖ لَا يَخْفَىٰ عَلَى اللَّهِ مِنْهُمْ شَيْءٌ ۚ لِمَنِ الْمُلْكُ الْيَوْمَ ۖ لِلَّهِ الْوَاحِدِ الْقَهَّارِ

    Оцу дийнахь уьш гучубовлур бу /арабовлур бу шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Далла царах долчух хӀумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана? Ша цхьаъ волчу‚ тӀех нуьцкъала волчу Делан ду-кх!

    40:16
  8. الْيَوْمَ تُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ ۚ لَا ظُلْمَ الْيَوْمَ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Тахана бекхам бийр бу хӀор синна ша /дуьненахь/ карадинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиханиг ву хьесап дарехь

    40:17
  9. وَأَنْذِرْهُمْ يَوْمَ الْآزِفَةِ إِذِ الْقُلُوبُ لَدَى الْحَنَاجِرِ كَاظِمِينَ ۚ مَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ حَمِيمٍ وَلَا شَفِيعٍ يُطَاعُ

    Кхерам таса царна гергадогӀур долчу /къемат/денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тӀе кхаьчча /кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна цхьа а доттага, цхьа а гдоккхург а, шена /уьш/ муьтӀахь а болуш

    40:18
  10. يَعْلَمُ خَائِنَةَ الْأَعْيُنِ وَمَا تُخْفِي الصُّدُورُ

    Хаьа Цунна бӀаьргийн тешнабехк а /хьарам хӀумане хьоьжуш/‚ дегнаша хьулдийриг а

    40:19
  11. وَاللَّهُ يَقْضِي بِالْحَقِّ ۖ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ لَا يَقْضُونَ بِشَيْءٍ ۗ إِنَّ اللَّهَ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ

    Дала кхиэл йо бакъдолчуьнца. Иза а витина, цара шайга кхойкхуш болчара кхиэл ца йо цхьанна хӀуманца. Баккъалла а, Дела Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а

    40:20

Гочдар: Магомед Магомедов