Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 21 – 27
-
أَوَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ كَانُوا مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوا هُمْ أَشَدَّ مِنْهُمْ قُوَّةً وَآثَارًا فِي الْأَرْضِ فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ وَمَا كَانَ لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَاقٍ
Уьш ца лела лаьттахула‚ тӀаккха уьш ца хьоьжу, муха хилла царал хьалха хиллачеран тӀаьхье? Уьш бара царал вуно чӀогӀа ницкъаца а‚ лаьттахь асар дитарца а. Дала схьалецира уьш шайн къинош бахьанехь‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо
40:21 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَانَتْ تَأْتِيهِمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَكَفَرُوا فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ ۚ إِنَّهُ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Иза /хилла/ цаьрга богӀуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца цара уьш харцбора. Дала схьалецира уьш. Баккъалла а, Иза нуьцкъала верг а ву‚ бекхамца чӀогӀаниг а ву
40:22 -
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا وَسُلْطَانٍ مُبِينٍ
Оха вахийтира Муса Тхан аяташца а‚ билгалчу бакъонца а
40:23 -
إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَهَامَانَ وَقَارُونَ فَقَالُوا سَاحِرٌ كَذَّابٌ
ФирӀавне а‚ ХӀамане а‚ Къаруне а. Цара элира: '/Иза/ тӀех харцлуьйш волу бозбуунча ву'
40:24 -
فَلَمَّا جَاءَهُمْ بِالْحَقِّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا اقْتُلُوا أَبْنَاءَ الَّذِينَ آمَنُوا مَعَهُ وَاسْتَحْيُوا نِسَاءَهُمْ ۚ وَمَا كَيْدُ الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ
Иза цаьрга веъча Тхоьгара бакъдолчуьнца, цара элира: 'Байа цуьнца цхьана ийман диллинчеран кӀентий‚ дийна бита церан зударий'. Керстанийн мекарло тилар чохь бен ма яц
40:25 -
وَقَالَ فِرْعَوْنُ ذَرُونِي أَقْتُلْ مُوسَىٰ وَلْيَدْعُ رَبَّهُ ۖ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يُبَدِّلَ دِينَكُمْ أَوْ أَنْ يُظْهِرَ فِي الْأَرْضِ الْفَسَادَ
ФирӀавно элира: 'Вита со Муса вен. Шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцадан‚ я лаьттахь боьханиг гучудаккхийтан'
40:26 -
وَقَالَ مُوسَىٰ إِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُمْ مِنْ كُلِّ مُتَكَبِّرٍ لَا يُؤْمِنُ بِيَوْمِ الْحِسَابِ
Мусас элира: 'Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-кхобучуьнца а массо а хьесапан /къемат/ дийнах ца тешаш кураваьллачух '
40:27
Гочдар: Магомед Магомедов