Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 28 – 45
-
وَقَالَ رَجُلٌ مُؤْمِنٌ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَكْتُمُ إِيمَانَهُ أَتَقْتُلُونَ رَجُلًا أَنْ يَقُولَ رَبِّيَ اللَّهُ وَقَدْ جَاءَكُمْ بِالْبَيِّنَاتِ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ وَإِنْ يَكُ كَاذِبًا فَعَلَيْهِ كَذِبُهُ ۖ وَإِنْ يَكُ صَادِقًا يُصِبْكُمْ بَعْضُ الَّذِي يَعِدُكُمْ ۖ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ هُوَ مُسْرِفٌ كَذَّابٌ
ФирӀавнан доьзалах цхьана ийман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: 'Аш воь ткъа стаг цо аларна 'сан Кхиош-кхобург цхьа АллахӀ-Дела ву?' Ткъа иза шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонашца ма веана. Иза харцлуьйш велахь, цунна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь, цо шуна хир ду бохучух цхьадерг хьакхалур (кхетар) ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тӀаламза верг а‚ тӀех харцверг а
40:28 -
يَا قَوْمِ لَكُمُ الْمُلْكُ الْيَوْمَ ظَاهِرِينَ فِي الْأَرْضِ فَمَنْ يَنْصُرُنَا مِنْ بَأْسِ اللَّهِ إِنْ جَاءَنَا ۚ قَالَ فِرْعَوْنُ مَا أُرِيكُمْ إِلَّا مَا أَرَىٰ وَمَا أَهْدِيكُمْ إِلَّا سَبِيلَ الرَّشَادِ
ХӀай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу /Мисран/ лаьттахь /массарал/ тоьлуш долуш. Хьан гӀо дийр ду вайна Делан ницкъах /кӀелхьарадовла/ и вайга беъча?' ФирӀавно элира: 'Ас шуьга ца гойту сайна гушдерг а бен‚ ас шу нис ца до нийсонан новкъа бен'
40:29 -
وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ مِثْلَ يَوْمِ الْأَحْزَابِ
Ийман диллинчо элира: 'Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн де санначу дийнах
40:30 -
مِثْلَ دَأْبِ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ وَالَّذِينَ مِنْ بَعْدِهِمْ ۚ وَمَا اللَّهُ يُرِيدُ ظُلْمًا لِلْعِبَادِ
Нухьан къоман а‚ Ӏадийн а‚ Самудийн а‚ царал тӀаьхьа хиллачеран Ӏадатах тера /ду-кх хӀара аш лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна
40:31 -
وَيَا قَوْمِ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ يَوْمَ التَّنَادِ
ХӀай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах
40:32 -
يَوْمَ تُوَلُّونَ مُدْبِرِينَ مَا لَكُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ عَاصِمٍ ۗ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ
Шу духадовду долчу дийнах ма вац шуна Делера цхьа а гӀоьнча. Дала тилавала витинарг ма вац цунна цхьа а нисвийриг'
40:33 -
وَلَقَدْ جَاءَكُمْ يُوسُفُ مِنْ قَبْلُ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا زِلْتُمْ فِي شَكٍّ مِمَّا جَاءَكُمْ بِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا هَلَكَ قُلْتُمْ لَنْ يَبْعَثَ اللَّهُ مِنْ بَعْدِهِ رَسُولًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ مَنْ هُوَ مُسْرِفٌ مُرْتَابٌ
Шуьга веара хьалха Юсуф билгалонашца шу лаьтташ ду шеконехь иза шуьга шеца веанчух. Иза хӀаллакхилча (велча), аш элира: 'Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тӀаьхьа элча'. Иштта тилавала вуьту Дала ша тӀаламза верг а‚ шеконехь верг а,
40:34 -
الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَانٍ أَتَاهُمْ ۖ كَبُرَ مَقْتًا عِنْدَ اللَّهِ وَعِنْدَ الَّذِينَ آمَنُوا ۚ كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ قَلْبِ مُتَكَبِّرٍ جَبَّارٍ
Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу шайга еана бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ ийман диллинчеран гергахь а. Иштта муьхӀар туху Дала хр курадаьллачу‚ /нахана/ ницкъбечу дагна тӀе
40:35 -
وَقَالَ فِرْعَوْنُ يَا هَامَانُ ابْنِ لِي صَرْحًا لَعَلِّي أَبْلُغُ الْأَسْبَابَ
ФирӀавно элира: 'ХӀай ХӀаман! ЮгӀа суна гӀала‚ со кхиа тарло некъашка
40:36 -
أَسْبَابَ السَّمَاوَاتِ فَأَطَّلِعَ إِلَىٰ إِلَٰهِ مُوسَىٰ وَإِنِّي لَأَظُنُّهُ كَاذِبًا ۚ وَكَذَٰلِكَ زُيِّنَ لِفِرْعَوْنَ سُوءُ عَمَلِهِ وَصُدَّ عَنِ السَّبِيلِ ۚ وَمَا كَيْدُ فِرْعَوْنَ إِلَّا فِي تَبَابٍ
Стигланийн некъашка. Мусан Далла тӀекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и (Муса) харц ву аьлла'. Иштта хаздина ФирӀавнана цуьнан балхан вониг‚ дӀахьовзина иза /нисчу/ некъах. ФирӀавнан мекарло ма яц хӀаллакхилар чохь бен
40:37 -
وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُونِ أَهْدِكُمْ سَبِيلَ الرَّشَادِ
/ТӀаккха/ элира /Фирвнан къоман юккъера/ ийман диллинчо: 'ХӀай сан къам‚ суна тӀаьхьахӀитта‚- ас нисдийр ду шу нийсонан новкъа
40:38 -
يَا قَوْمِ إِنَّمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا مَتَاعٌ وَإِنَّ الْآخِرَةَ هِيَ دَارُ الْقَرَارِ
ХӀай сан къам! Баккъалла а, хӀара дуьненан дахар /кӀеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт иза ду чӀагӀонан цӀа
40:39 -
مَنْ عَمِلَ سَيِّئَةً فَلَا يُجْزَىٰ إِلَّا مِثْلَهَا ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ يُرْزَقُونَ فِيهَا بِغَيْرِ حِسَابٍ
Вониг динарг цунна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин а волуш уьш ялсамани чу гӀур бу‚ царна рицкъ лур ду цу чохь, хьесап а доцуш
40:40 -
وَيَا قَوْمِ مَا لِي أَدْعُوكُمْ إِلَى النَّجَاةِ وَتَدْعُونَنِي إِلَى النَّارِ
ХӀай сан къам! Хн ду суна шу кхайкха /жоьжахатих/ кӀелхьардовларе‚ аш со кхайкха /жоьжахатин/ цӀарга?
40:41 -
تَدْعُونَنِي لِأَكْفُرَ بِاللَّهِ وَأُشْرِكَ بِهِ مَا لَيْسَ لِي بِهِ عِلْمٌ وَأَنَا أَدْعُوكُمْ إِلَى الْعَزِيزِ الْغَفَّارِ
Аш со кхойкху ас Далла керстаналла даре‚ ас Цуьнца накъост лацаре суна шеца цхьа а Ӏилма доцург‚ ткъа ас шу кхойкху Ша веза а‚ тӀех гечдийриг волчуьнга
40:42 -
لَا جَرَمَ أَنَّمَا تَدْعُونَنِي إِلَيْهِ لَيْسَ لَهُ دَعْوَةٌ فِي الدُّنْيَا وَلَا فِي الْآخِرَةِ وَأَنَّ مَرَدَّنَا إِلَى اللَّهِ وَأَنَّ الْمُسْرِفِينَ هُمْ أَصْحَابُ النَّارِ
Дера аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дӀадерзар Деле ма ду‚ амма тӀаламза берш уьш ма бу /жоьжахатин/ цӀеран дай
40:43 -
فَسَتَذْكُرُونَ مَا أَقُولُ لَكُمْ ۚ وَأُفَوِّضُ أَمْرِي إِلَى اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
Шуна тӀаьхьа дагадогӀур ду ас шуьга дуьйцург. Ас сан гӀуллакх Деле дӀало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш (халкъ) гуш верг.'
40:44 -
فَوَقَاهُ اللَّهُ سَيِّئَاتِ مَا مَكَرُوا ۖ وَحَاقَ بِآلِ فِرْعَوْنَ سُوءُ الْعَذَابِ
Дала ларийра иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирӀавнан доьзалах Ӏазапан вониг
40:45
Гочдар: Магомед Магомедов