Сурат 40 ГIафир (Гечдархо), аят 38 – 40
-
وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُونِ أَهْدِكُمْ سَبِيلَ الرَّشَادِ
/ТIаккха/ элира /Фирвнан къоман юккъера/ ийман диллинчо: 'ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIитта‚- ас нисдийр ду шу нийсонан новкъа
40:38 -
يَا قَوْمِ إِنَّمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا مَتَاعٌ وَإِنَّ الْآخِرَةَ هِيَ دَارُ الْقَرَارِ
ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт иза ду чIагIонан цIа
40:39 -
مَنْ عَمِلَ سَيِّئَةً فَلَا يُجْزَىٰ إِلَّا مِثْلَهَا ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ يُرْزَقُونَ فِيهَا بِغَيْرِ حِسَابٍ
Вониг динарг цунна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин а волуш уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицкъ лур ду цу чохь, хьесап а доцуш
40:40
Гочдар: Магомед Магомедов