Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 38 – 46
-
وَقَالَ الَّذِي آمَنَ يَا قَوْمِ اتَّبِعُونِ أَهْدِكُمْ سَبِيلَ الرَّشَادِ
/ТӀаккха/ элира /Фирвнан къоман юккъера/ ийман диллинчо: 'ХӀай сан къам‚ суна тӀаьхьахӀитта‚- ас нисдийр ду шу нийсонан новкъа
40:38 -
يَا قَوْمِ إِنَّمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا مَتَاعٌ وَإِنَّ الْآخِرَةَ هِيَ دَارُ الْقَرَارِ
ХӀай сан къам! Баккъалла а, хӀара дуьненан дахар /кӀеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт иза ду чӀагӀонан цӀа
40:39 -
مَنْ عَمِلَ سَيِّئَةً فَلَا يُجْزَىٰ إِلَّا مِثْلَهَا ۖ وَمَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ يَدْخُلُونَ الْجَنَّةَ يُرْزَقُونَ فِيهَا بِغَيْرِ حِسَابٍ
Вониг динарг цунна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин а волуш уьш ялсамани чу гӀур бу‚ царна рицкъ лур ду цу чохь, хьесап а доцуш
40:40 -
وَيَا قَوْمِ مَا لِي أَدْعُوكُمْ إِلَى النَّجَاةِ وَتَدْعُونَنِي إِلَى النَّارِ
ХӀай сан къам! Хн ду суна шу кхайкха /жоьжахатих/ кӀелхьардовларе‚ аш со кхайкха /жоьжахатин/ цӀарга?
40:41 -
تَدْعُونَنِي لِأَكْفُرَ بِاللَّهِ وَأُشْرِكَ بِهِ مَا لَيْسَ لِي بِهِ عِلْمٌ وَأَنَا أَدْعُوكُمْ إِلَى الْعَزِيزِ الْغَفَّارِ
Аш со кхойкху ас Далла керстаналла даре‚ ас Цуьнца накъост лацаре суна шеца цхьа а Ӏилма доцург‚ ткъа ас шу кхойкху Ша веза а‚ тӀех гечдийриг волчуьнга
40:42 -
لَا جَرَمَ أَنَّمَا تَدْعُونَنِي إِلَيْهِ لَيْسَ لَهُ دَعْوَةٌ فِي الدُّنْيَا وَلَا فِي الْآخِرَةِ وَأَنَّ مَرَدَّنَا إِلَى اللَّهِ وَأَنَّ الْمُسْرِفِينَ هُمْ أَصْحَابُ النَّارِ
Дера аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дӀадерзар Деле ма ду‚ амма тӀаламза берш уьш ма бу /жоьжахатин/ цӀеран дай
40:43 -
فَسَتَذْكُرُونَ مَا أَقُولُ لَكُمْ ۚ وَأُفَوِّضُ أَمْرِي إِلَى اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ بَصِيرٌ بِالْعِبَادِ
Шуна тӀаьхьа дагадогӀур ду ас шуьга дуьйцург. Ас сан гӀуллакх Деле дӀало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш (халкъ) гуш верг.'
40:44 -
فَوَقَاهُ اللَّهُ سَيِّئَاتِ مَا مَكَرُوا ۖ وَحَاقَ بِآلِ فِرْعَوْنَ سُوءُ الْعَذَابِ
Дала ларийра иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирӀавнан доьзалах Ӏазапан вониг
40:45 -
النَّارُ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا غُدُوًّا وَعَشِيًّا ۖ وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ أَدْخِلُوا آلَ فِرْعَوْنَ أَشَدَّ الْعَذَابِ
ЦӀе цунна тӀе уьш кхуьссур бу Ӏуьйрана а‚ суьйрана а‚ сахьт хӀуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: 'Чу бохка ФирӀавнан доьзал уггар чӀогӀачу Ӏазапна'
40:46
Гочдар: Магомед Магомедов