Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 46 – 50

  1. النَّارُ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا غُدُوًّا وَعَشِيًّا ۖ وَيَوْمَ تَقُومُ السَّاعَةُ أَدْخِلُوا آلَ فِرْعَوْنَ أَشَدَّ الْعَذَابِ

    ЦӀе цунна тӀе уьш кхуьссур бу Ӏуьйрана а‚ суьйрана а‚ сахьт хӀуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: 'Чу бохка ФирӀавнан доьзал уггар чӀогӀачу Ӏазапна'

    40:46
  2. وَإِذْ يَتَحَاجُّونَ فِي النَّارِ فَيَقُولُ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنْتُمْ مُغْنُونَ عَنَّا نَصِيبًا مِنَ النَّارِ

    Дагадаийта! Вовшашца къийсаме баьр бу уьш цӀаргахь‚ гӀийлачара эр ду курабевла хиллачаьрга: 'Баккъалла а, тхо дара шуна тӀаьхьахӀиттийна /дуьненахь аш бохург деш‚ хӀинца/ аш дӀадоккхий тхох цӀеран /Ӏазапах/ цхьа дāкъа?'

    40:47
  3. قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُلٌّ فِيهَا إِنَّ اللَّهَ قَدْ حَكَمَ بَيْنَ الْعِبَادِ

    Шаьш курабевла хиллачара элира: 'Баккъалла а, вай дерриге а цу чохь/цӀаргахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юккъехь'

    40:48
  4. وَقَالَ الَّذِينَ فِي النَّارِ لِخَزَنَةِ جَهَنَّمَ ادْعُوا رَبَّكُمْ يُخَفِّفْ عَنَّا يَوْمًا مِنَ الْعَذَابِ

    Эр ду цӀаргахь болчара жоьжахатин гӀаролашка: 'Кхайкха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ дайде āла тхуна тӀера Ӏазап цхьана денна мукъане а'

    40:49
  5. قَالُوا أَوَلَمْ تَكُ تَأْتِيكُمْ رُسُلُكُمْ بِالْبَيِّنَاتِ ۖ قَالُوا بَلَىٰ ۚ قَالُوا فَادْعُوا ۗ وَمَا دُعَاءُ الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ

    Цара (жоьжахатин гӀаролаша) эр ду: 'Шуьга бохкуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?' Цара элира: 'ХӀаъ'. Элира /гӀаролаша/: 'Кхайкха шаьш!' Керстанийн кхайкхар ма дац тилар чохь бен

    40:50

Гочдар: Магомед Магомедов