Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 47 – 48
-
وَإِذْ يَتَحَاجُّونَ فِي النَّارِ فَيَقُولُ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنْتُمْ مُغْنُونَ عَنَّا نَصِيبًا مِنَ النَّارِ
Дагадаийта! Вовшашца къийсаме баьр бу уьш цӀаргахь‚ гӀийлачара эр ду курабевла хиллачаьрга: 'Баккъалла а, тхо дара шуна тӀаьхьахӀиттийна /дуьненахь аш бохург деш‚ хӀинца/ аш дӀадоккхий тхох цӀеран /Ӏазапах/ цхьа дāкъа?'
40:47 -
قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُلٌّ فِيهَا إِنَّ اللَّهَ قَدْ حَكَمَ بَيْنَ الْعِبَادِ
Шаьш курабевла хиллачара элира: 'Баккъалла а, вай дерриге а цу чохь/цӀаргахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юккъехь'
40:48
Гочдар: Магомед Магомедов