Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 51 – 60
-
إِنَّا لَنَنْصُرُ رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ الْأَشْهَادُ
Баккъалла а, Оха гӀо дийр ду Тхан элчанашна а‚ ийман диллинчарна дуьненан дахарехь а‚ тешаш хӀуттучу /къемат/ дийнахь а
40:51 -
يَوْمَ لَا يَنْفَعُ الظَّالِمِينَ مَعْذِرَتُهُمْ ۖ وَلَهُمُ اللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوءُ الدَّارِ
Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неӀалт ду‚ царна /эхартан/ цӀийнан боьханиг ду
40:52 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْهُدَىٰ وَأَوْرَثْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ الْكِتَابَ
Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кӀенташна жайна
40:53 -
هُدًى وَذِكْرَىٰ لِأُولِي الْأَلْبَابِ
Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъалдолчарна
40:54 -
فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَاسْتَغْفِرْ لِذَنْبِكَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ بِالْعَشِيِّ وَالْإِبْكَارِ
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваӀда хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьан къина‚ тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Ӏуьйранна а
40:55 -
إِنَّ الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ بِغَيْرِ سُلْطَانٍ أَتَاهُمْ ۙ إِنْ فِي صُدُورِهِمْ إِلَّا كِبْرٌ مَا هُمْ بِبَالِغِيهِ ۚ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ ۖ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ
Баккъалла а, Делан аяташкахь шайга еана цхьа а бакъо йоцуш къуьйсуш берш баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тӀе кхуьур йоцу (уьш шайн мураде кхочур боцу). Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а
40:56 -
لَخَلْقُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ أَكْبَرُ مِنْ خَلْقِ النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Ткъа стигланаш а‚ латта а кхоллар мелхо а доккха ду нах кхолларал‚ делахь а, дукхах болчу нахана ца хаьа-кх
40:57 -
وَمَا يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَلَا الْمُسِيءُ ۚ قَلِيلًا مَا تَتَذَكَّرُونَ
Цхьа терра бац бӀаьрсадоцург а‚ гуш верг а; ийман диллинарш а, дика Ӏамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. КӀеззиг ду-кх аш ойла йийриг
40:58 -
إِنَّ السَّاعَةَ لَآتِيَةٌ لَا رَيْبَ فِيهَا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, сахьт догӀур долуш ду, шеко яц цу чохь‚ делахь а, дукхах болу нах тешаш бац-кх
40:59 -
وَقَالَ رَبُّكُمُ ادْعُونِي أَسْتَجِبْ لَكُمْ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِي سَيَدْخُلُونَ جَهَنَّمَ دَاخِرِينَ
Шу Кхетош-кхиочо аьлла: 'Соьга кхайкха Ас жоп лур ду шуна'.Баккъалла а, шаьш Суна Ӏибадат дарах курабовлуш берш чугӀур ма бу жоьжахатина, кӀелбисина.”
40:60
Гочдар: Магомед Магомедов