Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 61 – 68

  1. اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ

    Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаӀийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш /шайн гллакхаш дан/. Баккъалла а, Дела ниӀмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а, дукхах болчу наха баркалла ца олу-кх

    40:61
  2. ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ

    И ву-кх АллахӀ-Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо а хӀуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Ӏехош ду шу /генадохуш ду бакъдолчух/!

    40:62
  3. كَذَٰلِكَ يُؤْفَكُ الَّذِينَ كَانُوا بِآيَاتِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ

    Иштта Ӏехора /генабохура бакъдолчух/ Делан аяташна инкарло еш хилларш

    40:63
  4. اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ قَرَارًا وَالسَّمَاءَ بِنَاءً وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ وَرَزَقَكُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ ۖ فَتَبَارَكَ اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ

    Дела ву динарг шуна латта чӀагӀо хилла‚ стигал гӀишло хилла‚ шуна куьцаш динарг‚ тккха хаздина Цо шун куьцаш, цӀенчу хӀуманех рицкъ а делла шуна. И ву АллахӀ-Дела шун Кхиош-кхобург. Беркате хили Дела Ӏаламийн Да

    40:64
  5. هُوَ الْحَيُّ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَادْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ ۗ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ Цунна дог цна хуьлуш /дечу/ бадатехь. Хастам бу Далла Ӏаламийн Дена

    40:65
  6. قُلْ إِنِّي نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَمَّا جَاءَنِيَ الْبَيِّنَاتُ مِنْ رَبِّي وَأُمِرْتُ أَنْ أُسْلِمَ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, суна дихкина Ӏибадат дан аш, Дела а витина /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-кхобучуьнгар соьга билгалонаш еъначул тӀаьхьа‚ суна омра дина Ӏаламийн Дена муьтӀахь хилар'

    40:66
  7. هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍ ثُمَّ يُخْرِجُكُمْ طِفْلًا ثُمَّ لِتَبْلُغُوا أَشُدَّكُمْ ثُمَّ لِتَكُونُوا شُيُوخًا ۚ وَمِنْكُمْ مَنْ يُتَوَفَّىٰ مِنْ قَبْلُ ۖ وَلِتَبْلُغُوا أَجَلًا مُسَمًّى وَلَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ

    Иза ву шу кхоьллинарг топпарах‚ тӀаккха тӀадамах‚ тӀаккха детинчу цӀих‚ тӀаккха бераш хуьлий арадоху шу‚ тӀаккха шу тӀекхиархьама шайн ницкъина‚ тӀаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тӀекхачархьама а, шу ойла еш хилийтирхьама а

    40:67
  8. هُوَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ فَإِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гӀуллакх тӀехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: 'Хила!' иза хуьлу

    40:68

Гочдар: Магомед Магомедов