Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 69 – 78

  1. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ أَنَّىٰ يُصْرَفُونَ

    Хьуна ца го и Делан аяташкахь къуьйсуш берш. Ма дхьовзош бу уьш /бакъдолчух/!

    40:69
  2. الَّذِينَ كَذَّبُوا بِالْكِتَابِ وَبِمَا أَرْسَلْنَا بِهِ رُسُلَنَا ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ

    /Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш бахийтинарг а. ТӀаьхьа хуур ду-кх царна!

    40:70
  3. إِذِ الْأَغْلَالُ فِي أَعْنَاقِهِمْ وَالسَّلَاسِلُ يُسْحَبُونَ

    Шайна лагех буржолаш-гматаш а тоьхча‚ зӀайнаш а /ехкича/, такхор бу уьш

    40:71
  4. فِي الْحَمِيمِ ثُمَّ فِي النَّارِ يُسْجَرُونَ

    Кхахкина хи чу‚ тӀаккха цӀаргахь багор бу

    40:72
  5. ثُمَّ قِيلَ لَهُمْ أَيْنَ مَا كُنْتُمْ تُشْرِكُونَ

    ТӀаккха олур /ду/ цаьрга: 'Мичахь ду аш /Делаца/ накъост лоцуш хилларг

    40:73
  6. مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ قَالُوا ضَلُّوا عَنَّا بَلْ لَمْ نَكُنْ نَدْعُو مِنْ قَبْلُ شَيْئًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ الْكَافِرِينَ

    АллахӀ воцург?' Цара элира: 'ДӀатили уьш тхох. ХӀаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хӀуманне а'. Иштта тилабала буьту Дала керстанаш

    40:74
  7. ذَٰلِكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَفْرَحُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَبِمَا كُنْتُمْ تَمْرَحُونَ

    И (Ӏазап ду шуна) лаьттахь цхьа а бакъо а йоцуш шу даккхийдедаш хиларна а‚ шу тӀех хазахеташ хиларна а

    40:75
  8. ادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ فَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ

    Чу гӀо жоьжахатина неӀаршкахула, гуттарена цу чохь лаьтташ. Ма вон чохь Ӏен меттиг ю-кх курабевлачеран!

    40:76
  9. فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۚ فَإِمَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ

    Собар де‚ баккъалла а, Делан ваӀда хьакъ-бакъ ю. Оха гайтанне а гойтур ма ду хьоьга /хир ду/аьллачех цхьадолу хӀуманаш я Оха волуьйтур ву хьо тӀаккха Тхуна тӀе дӀаберзор бу уьш

    40:77
  10. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلًا مِنْ قَبْلِكَ مِنْهُمْ مَنْ قَصَصْنَا عَلَيْكَ وَمِنْهُمْ مَنْ لَمْ نَقْصُصْ عَلَيْكَ ۗ وَمَا كَانَ لِرَسُولٍ أَنْ يَأْتِيَ بِآيَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ فَإِذَا جَاءَ أَمْرُ اللَّهِ قُضِيَ بِالْحَقِّ وَخَسِرَ هُنَالِكَ الْمُبْطِلُونَ

    Оха бахийтинера элчанаш хьол хьалха а‚ царах Оха хьуна бийцинарш а бу‚ царах Оха хьуна бийцаза берш а бу. Бакъхьара ца хилла цхьанна элчанна цхьа а аят дан Делан пурбанца бен. Делан омра деъча сацам хилира бакъдолчуьнца кхузахь ийшира /дин/ харцдеш хилларш

    40:78

Гочдар: Магомед Магомедов