Сурат 40 ГӀафир (Гечдархо), аят 79 – 85
-
اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَنْعَامَ لِتَرْكَبُوا مِنْهَا وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ
Дела ву шуна бежанаш хилийтинарг: царах /цхьадерш/ шуна тӀеховжа‚ царах /цхьадерш/ шуна даа
40:79 -
وَلَكُمْ فِيهَا مَنَافِعُ وَلِتَبْلُغُوا عَلَيْهَا حَاجَةً فِي صُدُورِكُمْ وَعَلَيْهَا وَعَلَى الْفُلْكِ تُحْمَلُونَ
Шуна цаьргахь /кхин/ пайданаш а бу‚ аш царна тӀехь кхочушдархьама шайн дагахь долу хьашт‚ царна тӀехь а‚ кеманна тӀехь а шу дӀалеладо
40:80 -
وَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ فَأَيَّ آيَاتِ اللَّهِ تُنْكِرُونَ
Цо гойту шуна Шен аяташ. Делан муьлхачу аятана аш инкарло йо?
40:81 -
أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَانُوا أَكْثَرَ مِنْهُمْ وَأَشَدَّ قُوَّةً وَآثَارًا فِي الْأَرْضِ فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу-те‚ муха хилла царал хьалха хиллачеран тӀаьхье? Уьш ма бара вуно царал дукха ницкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а вуно чӀогӀа а кӀелхьар ма ца бехира уьш цара /дуьненахь/ карадеш хиллачо
40:82 -
فَلَمَّا جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَرِحُوا بِمَا عِنْدَهُمْ مِنَ الْعِلْمِ وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхийбийдира уьш шайгахь долчу /дуьненан/ Ӏилманца‚ царах хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг
40:83 -
فَلَمَّا رَأَوْا بَأْسَنَا قَالُوا آمَنَّا بِاللَّهِ وَحْدَهُ وَكَفَرْنَا بِمَا كُنَّا بِهِ مُشْرِكِينَ
Шайна Тхан ницкъ гича‚ цара элира: 'Оха ийман дилли веккъа цхьана Деле‚ Оха керстадина тхаш Цуьнца накъост лоцуш хилларг'
40:84 -
فَلَمْ يَكُ يَنْفَعُهُمْ إِيمَانُهُمْ لَمَّا رَأَوْا بَأْسَنَا ۖ سُنَّتَ اللَّهِ الَّتِي قَدْ خَلَتْ فِي عِبَادِهِ ۖ وَخَسِرَ هُنَالِكَ الْكَافِرُونَ
Ца хилира царна пайдехь церан ийман Тхан ницкъ беъначул тӀаьхьа. Делан Ӏадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхдаьлла долу. Ийшира кхузахь керстанаш
40:85
Гочдар: Магомед Магомедов