Сурат 42 Аш-шура (Кхеташо), аят 10 – 19

  1. وَمَا اخْتَلَفْتُمْ فِيهِ مِنْ شَيْءٍ فَحُكْمُهُ إِلَى اللَّهِ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبِّي عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ أُنِيبُ

    Шун шегахь цхьана хӀуманах хилпало йоьжнехь цуьнан хьукам Далла тӀе ду. /Аш āла:/ 'Иза АллахӀ-Дела ву‚ сан Кхиош-кхобург‚ Цунна тӀе тевжина со‚ Цунна тӀе дӀавоьрзу со /сан массо а гӀуллакхашкахь/'

    42:10
  2. فَاطِرُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ جَعَلَ لَكُمْ مِنْ أَنْفُسِكُمْ أَزْوَاجًا وَمِنَ الْأَنْعَامِ أَزْوَاجًا ۖ يَذْرَؤُكُمْ فِيهِ ۚ لَيْسَ كَمِثْلِهِ شَيْءٌ ۖ وَهُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ

    Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг /ву Иза/. Цо хилийтина шуна шух шайх зударий‚ бежнех а тайп-тайпа. Цо шу алсамдоху цуьнца (зударий балабеш дебарца). Яц Цунах (Делах) тера хӀума а. Иза хозуш верг ву‚ гуш верг а ву

    42:11
  3. لَهُ مَقَالِيدُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догӀанаш. Цо шортта хуьлуьйту рицкъ Шена луучунна‚ /кӀеззиг/ барам а бо /Шена луучунна уьш зерхьама/. Баккъалла а, Иза массо а хӀума хууш верг ву

    42:12
  4. شَرَعَ لَكُمْ مِنَ الدِّينِ مَا وَصَّىٰ بِهِ نُوحًا وَالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ وَمَا وَصَّيْنَا بِهِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ وَعِيسَىٰ ۖ أَنْ أَقِيمُوا الدِّينَ وَلَا تَتَفَرَّقُوا فِيهِ ۚ كَبُرَ عَلَى الْمُشْرِكِينَ مَا تَدْعُوهُمْ إِلَيْهِ ۚ اللَّهُ يَجْتَبِي إِلَيْهِ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي إِلَيْهِ مَنْ يُنِيبُ

    Цо шуна шарӀ хилийтина динах Ша шеца весет дина хилларг Нухьана а, хьоьга вехьеца даийтинарг а‚ Оха шеца весет динарг ИбрахӀимна а‚ Мусана а‚ Ӏийсана а‚ 'дин хӀоттаде, аьлла‚ декъа ма ло цу чохь (динехь)'. Доккха /хала/ хили мушрикунашна ахь шаьш шена тӀе кхойкхург. Дала цунна (Дела цхьаъварна) тӀе хоржу Шена луург‚ Цо цунна (Дела цхьаъварна) тӀе нисво ша /цунна тӀе/ воьрзург

    42:13
  5. وَمَا تَفَرَّقُوا إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّ الَّذِينَ أُورِثُوا الْكِتَابَ مِنْ بَعْدِهِمْ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ مُرِيبٍ

    Уьш бекъа ма ца белла шайга Ӏилма деъначул тӀаьхьа а бен вовшийн юккъехь хьагӀ хилар бахьанехь. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучунгара 'тоьхна хан тӀе кхаччалц', аьлла долу, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, царал тӀаьхьа шайга ирсана жайна делларш цунах (Мухьаммад элча хиларх) шеконан шеконехь ма бу

    42:14
  6. فَلِذَٰلِكَ فَادْعُ ۖ وَاسْتَقِمْ كَمَا أُمِرْتَ ۖ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ ۖ وَقُلْ آمَنْتُ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنْ كِتَابٍ ۖ وَأُمِرْتُ لِأَعْدِلَ بَيْنَكُمُ ۖ اللَّهُ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ ۖ لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ ۖ لَا حُجَّةَ بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمُ ۖ اللَّهُ يَجْمَعُ بَيْنَنَا ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ

    Цуьнга (Дела цхьаъваре) кхайкха /хӀай Мухьаммад/. ДӀанисло хьайга омра ма ди. Церан дезаршна тӀаьхьа ма хӀотта‚ ахь āла: 'Ас ийман дилли Дала доссинчу жайне‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Ӏамалш ю‚ шуна шун Ӏамалш ю. Цхьа а къовсам бац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнатухур ду вай (къематдийнахь бакъдерг къасто)‚ Цунна тӀе ду дӀадерзар'

    42:15
  7. وَالَّذِينَ يُحَاجُّونَ فِي اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مَا اسْتُجِيبَ لَهُ حُجَّتُهُمْ دَاحِضَةٌ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَعَلَيْهِمْ غَضَبٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ

    И Делан /динехь элчанца/ къуьйсуш берш Цунна жоп деллачул тӀаьхьа церан делилш дӀатеттина /харц/ ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна оьгӀазло а ю /Делера/‚ чӀогӀа Ӏазап а ду

    42:16
  8. اللَّهُ الَّذِي أَنْزَلَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ وَالْمِيزَانَ ۗ وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّ السَّاعَةَ قَرِيبٌ

    Дела ву Ша доссийнарг жайна бакъдолчуьнца‚ терза а. Хьуна хьан хоуьйту‚ сахьт герга хила тарло

    42:17
  9. يَسْتَعْجِلُ بِهَا الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِهَا ۖ وَالَّذِينَ آمَنُوا مُشْفِقُونَ مِنْهَا وَيَعْلَمُونَ أَنَّهَا الْحَقُّ ۗ أَلَا إِنَّ الَّذِينَ يُمَارُونَ فِي السَّاعَةِ لَفِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ

    Цуьнца (къематденца) сихлуш бу шаьш цунах ца тешаш берш. Ийман диллинарш кхоьруш бу цунах‚ царна хаьа иза хьакъ-бакъ дуйла. Сема довла! Баккъалла а, цу сахьтах (къематдийнах) шеко еш берш генарчу тиларчохь ма бу

    42:18
  10. اللَّهُ لَطِيفٌ بِعِبَادِهِ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ ۖ وَهُوَ الْقَوِيُّ الْعَزِيزُ

    Дела Шен лех дукха къинхетаме ма ву, рицкъ ло Цо Шена луучунна. Иза нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву

    42:19

Гочдар: Магомед Магомедов