Сурат 42 Аш-шура (Кхеташо), аят 15
-
فَلِذَٰلِكَ فَادْعُ ۖ وَاسْتَقِمْ كَمَا أُمِرْتَ ۖ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ ۖ وَقُلْ آمَنْتُ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنْ كِتَابٍ ۖ وَأُمِرْتُ لِأَعْدِلَ بَيْنَكُمُ ۖ اللَّهُ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ ۖ لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ ۖ لَا حُجَّةَ بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمُ ۖ اللَّهُ يَجْمَعُ بَيْنَنَا ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ
Цуьнга (Дела цхьаъваре) кхайкха /хIай Мухьаммад/. ДIанисло хьайга омра ма ди. Церан дезаршна тIаьхьа ма хIотта‚ ахь āла: 'Ас ийман дилли Дала доссинчу жайне‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю. Цхьа а къовсам бац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнатухур ду вай (къематдийнахь бакъдерг къасто)‚ Цунна тIе ду дIадерзар'
42:15
Гочдар: Магомед Магомедов