Сурат 42 Аш-шура (Кхеташо), аят 44 – 53
-
وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ وَلِيٍّ مِنْ بَعْدِهِ ۗ وَتَرَى الظَّالِمِينَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ يَقُولُونَ هَلْ إِلَىٰ مَرَدٍّ مِنْ سَبِيلٍ
Дала тилавала витинарг - ма вац цунна цхьа а доладийриг Цул тӀаьхьа. Хьуна гур зуламхой шайна Ӏазап гинчул тӀаьхьа олуш: 'Духадерзан цхьа а некъ буй-те?'
42:44 -
وَتَرَاهُمْ يُعْرَضُونَ عَلَيْهَا خَاشِعِينَ مِنَ الذُّلِّ يَنْظُرُونَ مِنْ طَرْفٍ خَفِيٍّ ۗ وَقَالَ الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ الْخَاسِرِينَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَأَهْلِيهِمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ أَلَا إِنَّ الظَّالِمِينَ فِي عَذَابٍ مُقِيمٍ
Хьуна гур бу уьш цунна (жоьжахатина) хьалхатеттина‚ сийсаза хиларх кхерабевла‚ къайлаха хоьжуш. Ийман диллинчара эр: 'Баккъалла а, зен хилларш бу-кх шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь. Сема довла! Ткъа, баккъалла а, зуламхой /хир/ бац гуттаренан Ӏазапа чохь?'
42:45 -
وَمَا كَانَ لَهُمْ مِنْ أَوْلِيَاءَ يَنْصُرُونَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۗ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ سَبِيلٍ
Ма ца хили царна доладийраш‚ царна гӀо деш, Делан /запна/ дуьхьал. Дала тилавала вуьтург, милла велахь а, ма бац цунна цхьа а некъ /кӀелхьарвала/
42:46 -
اسْتَجِيبُوا لِرَبِّكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا مَرَدَّ لَهُ مِنَ اللَّهِ ۚ مَا لَكُمْ مِنْ مَلْجَإٍ يَوْمَئِذٍ وَمَا لَكُمْ مِنْ نَكِيرٍ
Жоп ло шайн Кхиош-кхобучунна (Цунна Ӏибадат дарца) шен Делера духтохалур доцу де дāле. Яц шуна цхьа а дӀадовда меттиг оцу дийнахь‚ вац шуна цхьа а /шун Ӏазапан/ инкарло йийр ерг
42:47 -
فَإِنْ أَعْرَضُوا فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا ۖ إِنْ عَلَيْكَ إِلَّا الْبَلَاغُ ۗ وَإِنَّا إِذَا أَذَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنَّا رَحْمَةً فَرِحَ بِهَا ۖ وَإِنْ تُصِبْهُمْ سَيِّئَةٌ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيهِمْ فَإِنَّ الْإِنْسَانَ كَفُورٌ
Уьш дӀаберзахь, Оха ца вахийтина хьо царна тӀе хехо (лардархо) хилла. Хьан тӀехь дӀаккхачор бен дац. Оха адамна Ӏовшийтича Тхайгара къинхетам‚ даккхийдоь иза цуьнца. Ткъа цунах кхиъча вониг, цуьнан куьйгаша хьалхадаьккхина долу, тӀаккха адам керста хуьлий дӀахӀутту
42:48 -
لِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ يَهَبُ لِمَنْ يَشَاءُ إِنَاثًا وَيَهَبُ لِمَنْ يَشَاءُ الذُّكُورَ
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Кхуллу Цо Шена луург. Ло Цо Шена луучунна зудабераш, ло Цо Шена луучунна божабераш
42:49 -
أَوْ يُزَوِّجُهُمْ ذُكْرَانًا وَإِنَاثًا ۖ وَيَجْعَلُ مَنْ يَشَاءُ عَقِيمًا ۚ إِنَّهُ عَلِيمٌ قَدِيرٌ
Я хуьлуьйту царна божабераш а‚ зудабераш а‚ Шена луург тӀаьхье йоцуш вуьту. Баккъалла а, Иза хууш верг а ву‚ ницкъ кхочург а ву
42:50 -
وَمَا كَانَ لِبَشَرٍ أَنْ يُكَلِّمَهُ اللَّهُ إِلَّا وَحْيًا أَوْ مِنْ وَرَاءِ حِجَابٍ أَوْ يُرْسِلَ رَسُولًا فَيُوحِيَ بِإِذْنِهِ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّهُ عَلِيٌّ حَكِيمٌ
Ца хили адамна Дела шега вистхилар вехьеца бен‚ я кирхьана дехьахула‚ я элча ваийтарца бен цо вехье луш Цуьнан пурбанца Цунна луург. Баккъалла а, Иза лекха верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
42:51 -
وَكَذَٰلِكَ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ رُوحًا مِنْ أَمْرِنَا ۚ مَا كُنْتَ تَدْرِي مَا الْكِتَابُ وَلَا الْإِيمَانُ وَلَٰكِنْ جَعَلْنَاهُ نُورًا نَهْدِي بِهِ مَنْ نَشَاءُ مِنْ عِبَادِنَا ۚ وَإِنَّكَ لَتَهْدِي إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Иштта хьоьга а вехьеца даийтина Оха са Тхан гӀуллакхах. Хьо ма вацара хууш‚ жайна хӀун ду‚ ийман хӀун ду а‚ делахь а, Оха нур хилийта цунах (Къуръанах), шеца нисвеш Тхайна луург Тхан лех‚ баккъалла а, ахь нисваларе ма кхойкху /исламан/ нийсачу новкъа‚
42:52 -
صِرَاطِ اللَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ أَلَا إِلَى اللَّهِ تَصِيرُ الْأُمُورُ
Делан новкъа‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Ткъа Далла тӀе ца доьду гӀуллакхаш? /ХӀаъ! Доьду!/
42:53
Гочдар: Магомед Магомедов