Сурат 44 Ад-духан (КӀур), аят 1 – 29

  1. حم

    Хьа-мūм

    44:1
  2. وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ

    /Хьарам-хьанал/ билгалдоккхучу жайнаца (Къуръанаца) дуй боу Ас

    44:2
  3. إِنَّا أَنْزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةٍ مُبَارَكَةٍ ۚ إِنَّا كُنَّا مُنْذِرِينَ

    Баккъалла а, Оха доссина иза беркате йолчу буса. Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/

    44:3
  4. فِيهَا يُفْرَقُ كُلُّ أَمْرٍ حَكِيمٍ

    Цу (Къуръана) чохь къастадо массо а хьекъале долу гӀуллакх

    44:4
  5. أَمْرًا مِنْ عِنْدِنَا ۚ إِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ

    Тхан агӀорхьара /деза мел долу/ гллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш /Мухьаммад а, цул хьалха хилла элчанаш а/

    44:5
  6. رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Къинхетам а хилла хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву

    44:6
  7. رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِنْ كُنْتُمْ مُوقِنِينَ

    Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /чг/ тешаш хиллехь

    44:7
  8. لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ

    Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-кхобург ву Иза

    44:8
  9. بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ يَلْعَبُونَ

    ХӀаъ‚ уьш (керстанаш) шекончохь ловзуш ма бу

    44:9
  10. فَارْتَقِبْ يَوْمَ تَأْتِي السَّمَاءُ بِدُخَانٍ مُبِينٍ

    Ахь тергал де стигло билгала кӀур бахьар болу де

    44:10
  11. يَغْشَى النَّاسَ ۖ هَٰذَا عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Нах дхьулбийр бу цо. /Цара эр ду/: 'ХӀара лазош долу Ӏазап ду'

    44:11
  12. رَبَّنَا اكْشِفْ عَنَّا الْعَذَابَ إِنَّا مُؤْمِنُونَ

    'Тхан Кхиош-кхобург‚ айдехь тхуна тӀера хӀара Ӏазап, /тккха/ баккъалла а, оха ийман дуьллур ду-кх /Хьан элчане/'

    44:12
  13. أَنَّىٰ لَهُمُ الذِّكْرَىٰ وَقَدْ جَاءَهُمْ رَسُولٌ مُبِينٌ

    Муха хир бу царна хьехам? Цаьрга веара ма-й билгала волу элча /Мухьаммад/

    44:13
  14. ثُمَّ تَوَلَّوْا عَنْهُ وَقَالُوا مُعَلَّمٌ مَجْنُونٌ

    ТӀаккха уьш дӀабирзира цунах‚ цара элира: 'Жинийх волуш шена /наха Къуръан/ Ӏамийнарг ву /хӀара Мухьаммад /'

    44:14
  15. إِنَّا كَاشِفُو الْعَذَابِ قَلِيلًا ۚ إِنَّكُمْ عَائِدُونَ

    Баккъалла а, Оха айдийр ду /шуна тра/ Ӏазап кӀеззиг /гур шуна:/ шу юха а тӀедоьрзур ма ду /шайн керстаналлина/

    44:15
  16. يَوْمَ نَبْطِشُ الْبَطْشَةَ الْكُبْرَىٰ إِنَّا مُنْتَقِمُونَ

    Оха боккхачу ницкъаца /Ӏазапе/ лоцур дончу дийнахь баккъалла а, Оха чӀир оьцур ю

    44:16
  17. وَلَقَدْ فَتَنَّا قَبْلَهُمْ قَوْمَ فِرْعَوْنَ وَجَاءَهُمْ رَسُولٌ كَرِيمٌ

    Царал хьалха а питане лецира Оха ФирӀавнан къам цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса)

    44:17
  18. أَنْ أَدُّوا إِلَيَّ عِبَادَ اللَّهِ ۖ إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    'ДӀало соьга Делан леш /олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву

    44:18
  19. وَأَنْ لَا تَعْلُوا عَلَى اللَّهِ ۖ إِنِّي آتِيكُمْ بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Хьаладовла (курадовла) ма гӀерта Далла‚ баккъалла а, ас лур ду шуна билгала долу делил

    44:19
  20. وَإِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُمْ أَنْ تَرْجُمُونِ

    Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца‚ шун Кхиош-кхобучуьнца аш суна тӀулгаш деттарх (аш со верах)

    44:20
  21. وَإِنْ لَمْ تُؤْمِنُوا لِي فَاعْتَزِلُونِ

    Шу сох ца тешахь‚ со вита /бохам ца беш/'

    44:21
  22. فَدَعَا رَبَّهُ أَنَّ هَٰؤُلَاءِ قَوْمٌ مُجْرِمُونَ

    /ТӀаккха/ цо (Мусас) шен Кхиош-кхобучуьнга кхийкхира: 'ХӀара къам къинош деш ма ду'‚ /аьлла/

    44:22
  23. فَأَسْرِ بِعِبَادِي لَيْلًا إِنَّكُمْ مُتَّبَعُونَ

    /ТӀаккха элира Дала/: 'ДӀагӀо сан лешца (Исраилан кӀенташца) буса‚ баккъалла а, уьш /шуна/ тӀаьхьабовлур бу хьуна

    44:23
  24. وَاتْرُكِ الْبَحْرَ رَهْوًا ۖ إِنَّهُمْ جُنْدٌ مُغْرَقُونَ

    ХӀорд бекъабеллачахь бита‚ баккъалла а, уьш /хӀорда/ бухагӀур долу эскар ма ду'

    44:24
  25. كَمْ تَرَكُوا مِنْ جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Мел /дукха/ бухадити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚

    44:25
  26. وَزُرُوعٍ وَمَقَامٍ كَرِيمٍ

    Ялташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚

    44:26
  27. وَنَعْمَةٍ كَانُوا فِيهَا فَاكِهِينَ

    Шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниӀматаш а

    44:27
  28. كَذَٰلِكَ ۖ وَأَوْرَثْنَاهَا قَوْمًا آخَرِينَ

    Иштта /хилира церан чакхе/. Оха уьш ирсана дӀеделира кхечу къомана

    44:28
  29. فَمَا بَكَتْ عَلَيْهِمُ السَّمَاءُ وَالْأَرْضُ وَمَا كَانُوا مُنْظَرِينَ

    Стигал а, латта а ца дилхира царна тӀехь‚ тӀаьхьа ца таьттира уьш /Ӏазапах/

    44:29

Гочдар: Магомед Магомедов