Сурат 44 Ад-духан (КIур)

  1. حم

    Хьа-мūм

    44:1
  2. وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ

    /Хьарам-хьанал/ билгалдоккхучу жайнаца (Къуръанаца) дуй боу Ас

    44:2
  3. إِنَّا أَنْزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةٍ مُبَارَكَةٍ ۚ إِنَّا كُنَّا مُنْذِرِينَ

    Баккъалла а, Оха доссина иза беркате йолчу буса. Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/

    44:3
  4. فِيهَا يُفْرَقُ كُلُّ أَمْرٍ حَكِيمٍ

    Цу (Къуръана) чохь къастадо массо а хьекъале долу гIуллакх

    44:4
  5. أَمْرًا مِنْ عِنْدِنَا ۚ إِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ

    Тхан агIорхьара /деза мел долу/ гллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш /Мухьаммад а, цул хьалха хилла элчанаш а/

    44:5
  6. رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Къинхетам а хилла хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву

    44:6
  7. رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِنْ كُنْتُمْ مُوقِنِينَ

    Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /чг/ тешаш хиллехь

    44:7
  8. لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ

    Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-кхобург ву Иза

    44:8
  9. بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ يَلْعَبُونَ

    ХIаъ‚ уьш (керстанаш) шекончохь ловзуш ма бу

    44:9
  10. فَارْتَقِبْ يَوْمَ تَأْتِي السَّمَاءُ بِدُخَانٍ مُبِينٍ

    Ахь тергал де стигло билгала кIур бахьар болу де

    44:10
  11. يَغْشَى النَّاسَ ۖ هَٰذَا عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Нах дхьулбийр бу цо. /Цара эр ду/: 'ХIара лазош долу Iазап ду'

    44:11
  12. رَبَّنَا اكْشِفْ عَنَّا الْعَذَابَ إِنَّا مُؤْمِنُونَ

    'Тхан Кхиош-кхобург‚ айдехь тхуна тIера хIара Iазап, /тккха/ баккъалла а, оха ийман дуьллур ду-кх /Хьан элчане/'

    44:12
  13. أَنَّىٰ لَهُمُ الذِّكْرَىٰ وَقَدْ جَاءَهُمْ رَسُولٌ مُبِينٌ

    Муха хир бу царна хьехам? Цаьрга веара ма-й билгала волу элча /Мухьаммад/

    44:13
  14. ثُمَّ تَوَلَّوْا عَنْهُ وَقَالُوا مُعَلَّمٌ مَجْنُونٌ

    ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: 'Жинийх волуш шена /наха Къуръан/ Iамийнарг ву /хIара Мухьаммад /'

    44:14
  15. إِنَّا كَاشِفُو الْعَذَابِ قَلِيلًا ۚ إِنَّكُمْ عَائِدُونَ

    Баккъалла а, Оха айдийр ду /шуна тра/ Iазап кIеззиг /гур шуна:/ шу юха а тIедоьрзур ма ду /шайн керстаналлина/

    44:15
  16. يَوْمَ نَبْطِشُ الْبَطْشَةَ الْكُبْرَىٰ إِنَّا مُنْتَقِمُونَ

    Оха боккхачу ницкъаца /Iазапе/ лоцур дончу дийнахь баккъалла а, Оха чIир оьцур ю

    44:16
  17. وَلَقَدْ فَتَنَّا قَبْلَهُمْ قَوْمَ فِرْعَوْنَ وَجَاءَهُمْ رَسُولٌ كَرِيمٌ

    Царал хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса)

    44:17
  18. أَنْ أَدُّوا إِلَيَّ عِبَادَ اللَّهِ ۖ إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    'ДIало соьга Делан леш /олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву

    44:18
  19. وَأَنْ لَا تَعْلُوا عَلَى اللَّهِ ۖ إِنِّي آتِيكُمْ بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Хьаладовла (курадовла) ма гIерта Далла‚ баккъалла а, ас лур ду шуна билгала долу делил

    44:19
  20. وَإِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُمْ أَنْ تَرْجُمُونِ

    Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца‚ шун Кхиош-кхобучуьнца аш суна тIулгаш деттарх (аш со верах)

    44:20

Гочдар: Магомед Магомедов