Сурат 44 Ад-духан (КIур), аят 1 – 8

  1. حم

    Хьа-мūм

    44:1
  2. وَالْكِتَابِ الْمُبِينِ

    /Хьарам-хьанал/ билгалдоккхучу жайнаца (Къуръанаца) дуй боу Ас

    44:2
  3. إِنَّا أَنْزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةٍ مُبَارَكَةٍ ۚ إِنَّا كُنَّا مُنْذِرِينَ

    Баккъалла а, Оха доссина иза беркате йолчу буса. Баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосурш /цуьнца/

    44:3
  4. فِيهَا يُفْرَقُ كُلُّ أَمْرٍ حَكِيمٍ

    Цу (Къуръана) чохь къастадо массо а хьекъале долу гIуллакх

    44:4
  5. أَمْرًا مِنْ عِنْدِنَا ۚ إِنَّا كُنَّا مُرْسِلِينَ

    Тхан агIорхьара /деза мел долу/ гллакх. Баккъалла а, Тхо хилира бохкуьйтурш /Мухьаммад а, цул хьалха хилла элчанаш а/

    44:5
  6. رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Къинхетам а хилла хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву

    44:6
  7. رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِنْ كُنْتُمْ مُوقِنِينَ

    Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу /чг/ тешаш хиллехь

    44:7
  8. لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ

    Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-кхобург ву Иза

    44:8

Гочдар: Магомед Магомедов