Сурат 44 Ад-духан (КIур), аят 15 – 36
-
إِنَّا كَاشِفُو الْعَذَابِ قَلِيلًا ۚ إِنَّكُمْ عَائِدُونَ
Баккъалла а, Оха айдийр ду /шуна тра/ Iазап кIеззиг /гур шуна:/ шу юха а тIедоьрзур ма ду /шайн керстаналлина/
44:15 -
يَوْمَ نَبْطِشُ الْبَطْشَةَ الْكُبْرَىٰ إِنَّا مُنْتَقِمُونَ
Оха боккхачу ницкъаца /Iазапе/ лоцур дончу дийнахь баккъалла а, Оха чIир оьцур ю
44:16 -
وَلَقَدْ فَتَنَّا قَبْلَهُمْ قَوْمَ فِرْعَوْنَ وَجَاءَهُمْ رَسُولٌ كَرِيمٌ
Царал хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча (Муса)
44:17 -
أَنْ أَدُّوا إِلَيَّ عِبَادَ اللَّهِ ۖ إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ
'ДIало соьга Делан леш /олуш/‚ баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву
44:18 -
وَأَنْ لَا تَعْلُوا عَلَى اللَّهِ ۖ إِنِّي آتِيكُمْ بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ
Хьаладовла (курадовла) ма гIерта Далла‚ баккъалла а, ас лур ду шуна билгала долу делил
44:19 -
وَإِنِّي عُذْتُ بِرَبِّي وَرَبِّكُمْ أَنْ تَرْجُمُونِ
Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца‚ шун Кхиош-кхобучуьнца аш суна тIулгаш деттарх (аш со верах)
44:20 -
وَإِنْ لَمْ تُؤْمِنُوا لِي فَاعْتَزِلُونِ
Шу сох ца тешахь‚ со вита /бохам ца беш/'
44:21 -
فَدَعَا رَبَّهُ أَنَّ هَٰؤُلَاءِ قَوْمٌ مُجْرِمُونَ
/ТIаккха/ цо (Мусас) шен Кхиош-кхобучуьнга кхийкхира: 'ХIара къам къинош деш ма ду'‚ /аьлла/
44:22 -
فَأَسْرِ بِعِبَادِي لَيْلًا إِنَّكُمْ مُتَّبَعُونَ
/ТIаккха элира Дала/: 'ДIагIо сан лешца (Исраилан кIенташца) буса‚ баккъалла а, уьш /шуна/ тIаьхьабовлур бу хьуна
44:23 -
وَاتْرُكِ الْبَحْرَ رَهْوًا ۖ إِنَّهُمْ جُنْدٌ مُغْرَقُونَ
ХIорд бекъабеллачахь бита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ бухагIур долу эскар ма ду'
44:24 -
كَمْ تَرَكُوا مِنْ جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
Мел /дукха/ бухадити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚
44:25 -
وَزُرُوعٍ وَمَقَامٍ كَرِيمٍ
Ялташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚
44:26 -
وَنَعْمَةٍ كَانُوا فِيهَا فَاكِهِينَ
Шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а
44:27 -
كَذَٰلِكَ ۖ وَأَوْرَثْنَاهَا قَوْمًا آخَرِينَ
Иштта /хилира церан чакхе/. Оха уьш ирсана дIеделира кхечу къомана
44:28 -
فَمَا بَكَتْ عَلَيْهِمُ السَّمَاءُ وَالْأَرْضُ وَمَا كَانُوا مُنْظَرِينَ
Стигал а, латта а ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца таьттира уьш /Iазапах/
44:29 -
وَلَقَدْ نَجَّيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنَ الْعَذَابِ الْمُهِينِ
Оха кIелхьарбехира Исраилан кIентий сийсазачу Iазапах‚
44:30 -
مِنْ فِرْعَوْنَ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَالِيًا مِنَ الْمُسْرِفِينَ
ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарах
44:31 -
وَلَقَدِ اخْتَرْنَاهُمْ عَلَىٰ عِلْمٍ عَلَى الْعَالَمِينَ
Оха уьш (Исраилан кIентий) хаьржира Iилмаца /массо а/ Iаламел
44:32 -
وَآتَيْنَاهُمْ مِنَ الْآيَاتِ مَا فِيهِ بَلَاءٌ مُبِينٌ
Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бāла берш а
44:33 -
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَيَقُولُونَ
Баккъалла а, хIорш (къурайшаш) олуш ма бу:
44:34 -
إِنْ هِيَ إِلَّا مَوْتَتُنَا الْأُولَىٰ وَمَا نَحْنُ بِمُنْشَرِينَ
'Вайн цхьа дуьххьарлера далар бен дац‚ вай гIовтор дац /деллачул тIаьхьа/
44:35 -
فَأْتُوا بِآبَائِنَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь'
44:36
Гочдар: Магомед Магомедов