Сурат 44 Ад-духан (КӀур), аят 30 – 42
-
وَلَقَدْ نَجَّيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ مِنَ الْعَذَابِ الْمُهِينِ
Оха кӀелхьарбехира Исраилан кӀентий сийсазачу Ӏазапах‚
44:30 -
مِنْ فِرْعَوْنَ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَالِيًا مِنَ الْمُسْرِفِينَ
ФирӀавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тӀаламазачарах
44:31 -
وَلَقَدِ اخْتَرْنَاهُمْ عَلَىٰ عِلْمٍ عَلَى الْعَالَمِينَ
Оха уьш (Исраилан кӀентий) хаьржира Ӏилмаца /массо а/ Ӏаламел
44:32 -
وَآتَيْنَاهُمْ مِنَ الْآيَاتِ مَا فِيهِ بَلَاءٌ مُبِينٌ
Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бāла берш а
44:33 -
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَيَقُولُونَ
Баккъалла а, хӀорш (къурайшаш) олуш ма бу:
44:34 -
إِنْ هِيَ إِلَّا مَوْتَتُنَا الْأُولَىٰ وَمَا نَحْنُ بِمُنْشَرِينَ
'Вайн цхьа дуьххьарлера далар бен дац‚ вай гӀовтор дац /деллачул тӀаьхьа/
44:35 -
فَأْتُوا بِآبَائِنَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Схьабалабе тхан дай, шу бакълуьйш хиллехь'
44:36 -
أَهُمْ خَيْرٌ أَمْ قَوْمُ تُبَّعٍ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ أَهْلَكْنَاهُمْ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا مُجْرِمِينَ
Уьш дика бу я ТуббаӀан къам а‚ царал хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хӀаллакбира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира
44:37 -
وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا لَاعِبِينَ
Оха ловзуш/долчу хьолехь/ ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а
44:38 -
مَا خَلَقْنَاهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх
44:39 -
إِنَّ يَوْمَ الْفَصْلِ مِيقَاتُهُمْ أَجْمَعِينَ
Баккъалла а, къасторан де царна массарна а хан тоьхна ма ду
44:40 -
يَوْمَ لَا يُغْنِي مَوْلًى عَنْ مَوْلًى شَيْئًا وَلَا هُمْ يُنْصَرُونَ
Оцу дийнахь гергарчо духатухур дац гергарчух /запах/ хӀумма а‚ царна гӀо дийр дац
44:41 -
إِلَّا مَنْ رَحِمَ اللَّهُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
Дала шех къинхетам биначунна а бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву
44:42
Гочдар: Магомед Магомедов