Сурат 44 Ад-духан (КӀур), аят 43 – 59

  1. إِنَّ شَجَرَتَ الزَّقُّومِ

    Баккъалла а, и Заккъум олу дитт -

    44:43
  2. طَعَامُ الْأَثِيمِ

    Къинош дечун кхача бу

    44:44
  3. كَالْمُهْلِ يَغْلِي فِي الْبُطُونِ

    Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь‚

    44:45
  4. كَغَلْيِ الْحَمِيمِ

    Цйдина хи кхахкарх терра

    44:46
  5. خُذُوهُ فَاعْتِلُوهُ إِلَىٰ سَوَاءِ الْجَحِيمِ

    /Мохь хир бу/: 'Схьалаца иза‚ дӀакхосса иза жоьжахатина юккъе

    44:47
  6. ثُمَّ صُبُّوا فَوْقَ رَأْسِهِ مِنْ عَذَابِ الْحَمِيمِ

    ДӀадотта цуьнан коьртана тӀехула цйдинчу хин Ӏазап'

    44:48
  7. ذُقْ إِنَّكَ أَنْتَ الْعَزِيزُ الْكَرِيمُ

    Ӏовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хӀай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/

    44:49
  8. إِنَّ هَٰذَا مَا كُنْتُمْ بِهِ تَمْتَرُونَ

    Баккъалла а, хӀара ду аш шегахь шеко еш хилларг'

    44:50
  9. إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي مَقَامٍ أَمِينٍ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш тешамечу меттигехь хир бу

    44:51
  10. فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а

    44:52
  11. يَلْبَسُونَ مِنْ سُنْدُسٍ وَإِسْتَبْرَقٍ مُتَقَابِلِينَ

    ТӀедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а, вовшийн дуьхь-дуьхьал хӀуьттуш

    44:53
  12. كَذَٰلِكَ وَزَوَّجْنَاهُمْ بِحُورٍ عِينٍ

    Иштта Оха бāлор бу царна хаза бӀаьргаш берш

    44:54
  13. يَدْعُونَ فِيهَا بِكُلِّ فَاكِهَةٍ آمِنِينَ

    Кхойкхур ду цара хӀора стоьме, /уьш кхачалур цахиларх, массо а халонех/ тешаме а болуш

    44:55
  14. لَا يَذُوقُونَ فِيهَا الْمَوْتَ إِلَّا الْمَوْتَةَ الْأُولَىٰ ۖ وَوَقَاهُمْ عَذَابَ الْجَحِيمِ

    Цу чохь валар Ӏовшур дац цара дуьххьарлера /дуьненахь хилла/ валар доцург Цо ларбира уьш жоьжахатин Ӏазапах

    44:56
  15. فَضْلًا مِنْ رَبِّكَ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ

    Хьан Кхиош – кхобучуьнгара комаьршаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам

    44:57
  16. فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

    Баккъалла а, Оха атта дина иза /Къуръан/ хьан маттахь а долуш уьш кхетар бацаре-те

    44:58
  17. فَارْتَقِبْ إِنَّهُمْ مُرْتَقِبُونَ

    Хьо хьажа /хӀай Мухьаммад, царах хӀун кхиар ду/, уьш а хьовсуш бу /хьо хӀаллакхиларе - тӀаьхьа хуур ду, хьан хир ду гӀо дуьненахь а эхартахь а/

    44:59

Гочдар: Магомед Магомедов